ТIекхочийла долу линкаш

Шо чекхдолуш пенсина реформаш ен низам чекхдаьккхина ДУМАно


Оьрсийн пачхьалкхан ДУМано шен тIаьххьарчу гуьйренан сессехь кхоалгIачу, тIаьххьарчу дешарехь къобалдина, пенсин реформица доьзна низамаш.
Царца а догIуш, пенси лардаран дакъа коэффициенте доккхуш ду алапан тегIане а, болх бинчу шерашка а, пенсе воьдуш хиллачу хене а хьаьжжина.

Иштта, билгалъяьккхина, 2025-чу шарахь пенси деха хьашт йолу лаххара хан а. ХIинццалц иза пхи шо хан яра, ткъа 2025-чу шарахь дуьйна пхийтта шо дир ду. Белхан пенси шина декъе доькъуш ду – лардаран а, гулдаран а. 1967-гIа шо тIекхачале винчуьнан лардаран дакъа бен хир дац болх беш. Кегийчеран къастон аьтто хир боху.
XS
SM
MD
LG