ТIекхочийла долу линкаш

Дера ма де Iедало тхан бежанашна-м хьесап


Пакистанера латталелорхочо шен ши сту боьжна латта аха, Пешаварана йистошкахь, 25Лах2013

Пакистанера латталелорхочо шен ши сту боьжна латта аха, Пешаварана йистошкахь, 25Лах2013

Дуьйш-дерзош латтанаш долчу юьртабахамашкара а, даьхнийлелорхошкара а, могIарерчу долахошкара а зIакардаьхний биста кхаччалц садолу хIума чот-хьесапе оьцуш дIаяздан Iалашога лаьцна Iедало. Дукхахболчара къобалдеш деш дац и дIадолор


Теркаца йолчу кIошташкахь къаьсттина даьржина ду дIа а тиссина, жижиг дохка даьхний кхабар. ХIинццал схьа цу кепара жижигна бежний а, уьстагIий кхиорехь билгальевллачех ю Шелковск а, Новр а, Теркйист а кIошташ. Уггар хьалха цигарчу бахархоша бала кхочурш а хуьлий дийцаре доккху даьхнийлелорехь Iедало юкъадаккха мел лоьру керланиг.

Иштачех ду чIерий биста кхаччалц зIакардаьхний а, уьстагI-бежана а Iедале дIа яздойтуш, чот-хьесапе эцийта деза бохург а. Цу хьокъехь масех кIоштахула гулам-кхеташонаш еш чекхваьлла юьртабахаман министар Дадаев Муса. Цо дийцарехь бахамашна а, даьхний кхиочу долахошна а гIоьнна министараллехь тIе а лаьцна, болх беш леррина программа ю. Массо тайпа даьхний махкахь мел, хIун ю хааро аьтто бийр бу, боху Дадаевс, чIагIо йоллуш церан тидам–терго ян а, тIекхетарг а, дIаболург а масса корта бу хаа а, дIаяьхначу а, йисначу а бежнийн барам хаа а.

Тахана тергаллучу хьолаца и дIадолор тIе а лаьцна, цунна буха куьг яздан кечбелла долахой суна хаабелла бац Теркйист кIоштан масех юьртахь масала. Шайн долахь дуьйш-дерзош латтанаш а долуш ялташ а, даьхний а лелош долахой кIезиг бац Кень юьртахь а Бена-юьртахь а, Ломаз-юьртахь а, Зебир юьртахь а , кхечу меттигашкахь а.

Даккхий дина божалш а долуш, регIан даккъашкахь.даьхнийлелорах коьрта болх-некъ а бина бехаш берш а бу. Ярташкахь, шайн цIахь хьелаш а кечдина, итта а, ткъа а бежана кхобуш берш а бу. Амма царалахь, суна гинчех, цхьа цхьаъ вацара даьхний дIа а яздайтина, ял охьа а юьллуш Iедалца цхьаьна болх беш. Бахьна цхьаъ ду, схьахетарехь.

Iедало цхьана а агIора гIо деш ца хиларна тешам бар. Цу хьокъехь сан къамел хилла ша вехачу кертахь дIа а дихкина, жижиг дохка бежний дурстош волчу Чентиев Мусаца. Iедало ялтица, я докъарца, я кхечу кепара деш гIо а доцуш, со хьан ца вуьту царна ял дIа а луш, токхамаш ца бича, аьлла долийра цо шен къамел.

«Ахь бежний дIаяздайтахь хьоьгара Iедало ял йоккхур ю-кх деш гIо а доцуш. Кхин хьуна хир долуш хIума дац-кх».

-Жижиг мах кхечу мехашка хьаьжча хьуна муха хета? Цуьнца доза мегар дуй кху тIаьхьарчу шерашкахь даьхний кхобурш хаъал лахбалар?

« Ах сов юхабевлла санехь дац бохуш. Ах сов. Ур-аттал сула а ца карадо 7 сом доцуш, тоннах 7 эзар.

-Хьажахь 6-7 а, 8-9 а бежана ду хьан дIатесна. Шарахь хьайна мел пайда хуьлу я ца хуьлу, чот йиний ахь?

«Банкехь ахь ахча муха латтадо хене доккхуш. Изза ду-кх. Хьайна эша ма ишши, ахьа бежана дIа а йоккхий, ахча схьаоьцу. Iедалан чоьте нах хIуьттур бара, шайна гIо деш делхьара, дорах ялта нисдина а, докъар йоьхкина а. ГIо деш ца хилча, ял яла ма ца лаьа цхьаннена а. Тхуна гIуллакхна лелаш ма бац уьш. Нехан гIуллакхна араваьлла лелаш стагга а вац хьуна. Валлалой, лелалой, даьхний кхабалой, хIун оьшу, ца оьшу, аьлла цхьа веъний хьуна? Ца веъна. Ур-атталла юртда а ца вогIу.»

Цхьа сом кIелдIахула ялта доьхкина а Iедало лоцуш дакъа а ца хилча , бежана чот-хьесапе эцийта цхьа маьIна ца го шена боху Мусас.

« Ши сом къелдIахула доьхкина а, Iедало ялта нисдеш хилча а цхьа йома яра иза. И а, кхин а деш ца хилча, нахана луур дуй дIа а язбелла, Iедална токхамаш бан. Бежний дIайохуш гIо дан а дезара жижиг схьаоьцуш цхьанаметта масала. ТIаккха дуккха а нахана аьтто хир бара. Атта ма дац уьш кхаба. Хьажахь, беккъа цхьа етт Iаьнера баккха 5 эзар сом делла, деккъа докъар эца деза-кх.»

Шарахь йиъ бежана кхобуш шен яьллачу хоржах а, цул тIаьхьа хуьлучу пайданах а цо ишта дуьйцура.

«Бежний Iаьнера даха ас 4 тонна кIа эцна, 3 тонна мукх эцна, цхьа тонна ах тонна сула эцна. 800 кеп докъар эцна. Ахчанца са 80 эзар гергга харж хилла-кх. Йиъ бежана дIаяккха воьллера со хьастагIа. Ас 100 эзар аьлла сайн мах гIарабаьккхича «мехала довлийла хьан даьхний» аьлла веънарг дIавахар-кх. ХIара- и лур ду-м ца элира. Цу мехах цо уьш дIаэцнехь а, оццул кIахьегча суна дуьсуш дерг 20 эзар дар-кх.»

Схьагучу суьртехь кхечу агIор цхьа тIеIаткъам а ца беш, долахой харжам бан шайн лаамехь битахь, даьхнийн чот-хьесап деш юьхьарлаьцна некъ дахаре боьрзур бу бохург йоккха шеко ю.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG