ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сноуден: Сайн Iалашо кхочшуъйина ваьлла со


Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь къайлаха хаамаш дIасабаржорна бехке вечу, Iамеркан Къайлахчу Сервисийн белхахо хиллачу Сноуден Эдварда дIахьедар дина, «шен декхар кхочушдина ваьлла хета шена», аьлла.

«Вашингтон посто» оршот дийнахь хааме яьккхинчу интервьюхь Iамеркан тIехьажаран электронан программех лаьцна хаамаш гIарабаьхначу Сноудена билгалдаьккхина, юкъаралла хийца Iалашо яцара шен. «Хийцамаш оьший те нахана аьлла, уьш кхетон аьтто бар бен».

Оьрсийчоьно ханна тхов-кIело еллачу Сноудена чIагIдарехь, цуьнан цхьа а уьйраш яц оьрсийн Iедалшца я цо царца берташ а ца бина. Ша чIогIа мадаре дахар дIакхоьхьуш ву, коьртачу декъана, гарзнаш а, чипсаш а юуш, алсам хан интернетехь а йоккхуш, бохуш дийцина Сноудена «Вашингтон посте».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG