ТIекхочийла долу линкаш

«Бусулба вежарийн» болам «терроран» организаци кхайкхийна Мисар пачхьалкхан премьер-министро Хазем аль-Беблавис


И аьлла гIарадаьккхина шинарин дийнахь меттигерчу хаамийн гIирсаша.

Цул а масех сахьт хьалха Мисаран къилбаседерчу аль-Мансурехь полицин декъана уллехь эккхийтинера, оьккху молханах йоьттина хилла машен. ТIаьххьарчу хаамашца велла, мел лаххара а 14 стаг. БIе гергга нахана чевнаш хилла. ГIишло а дикка йохийна ю.

Демократан хьелашкахь хьаржина хилла Мурси Мухьаммед Товбецан баттахь вохийчхьана дуьйна, цу махкахь алсамдаьлла кхерамазаллин ницкъашна тIелетарш дар.

ТIеманхоша гIортор ечу ханна кхоьллинчу Iедалан хьесапехь, карабогIучу баттахькерлачу конституцехула дIахьон йолу референдум тIекхачале, нах кхерон Iалашонца деш ду уьш.

Мурсина гIортор ечу «Бусулба вежарий» боламо а емалдина и тIелатар.
XS
SM
MD
LG