ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каримова Гульнарин Швейцарера вилла дIалаьцна узбекийн диссиденташа


Швейцарехь бехачу узбекийн диссиденташа дIалаьцна, Узбекистанан президентан йоккхах йолчу йоьIан Каримова Гульнарин хIусам.

«Фергану.ру» агенталло бечу хаамца, даьсса лаьтташ долу цIа дIалаьцна «Узбекистанан Демократин Фонд» олучу оппозицин организацин пхеа декъашхочо. Маршо радиога царах цхьаммо Бекжон Сафара ма-дийццара, цо а, цуьнан накъосташа а оршот дийнахь лаьцна Каримован хIусам.

Бекжона бахарехь, и хIусам оьцуш мел къоман ахча дайъина юкъараллина гайтар ю церан Iалашо.

Швейцарера хаамийн гIирсаша дийцарехь, Каримовас 2009-чу шарахь 18 миллион долларх эцна иза. ХIусамна чухевшинчу диссиденташа арахьа телат оьллина: «ХIара вилла диктаторан Каримован йоьIан долахь ю», аьлла.

Цу меттехь хиллачу полисхоша ара ца бохуш битина оппозиционераш, бохуш дийцира Бекжона. Швейцарин низамашца а догIуш, кхелан сацамца бен йиш яц иза дан, аьлла билгалдаьккхира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG