ТIекхочийла долу линкаш

Бехк-такхаман гIуллакхаш дIакъовларца боьзна«Гринпис» организацин жигархошна кхелан сацамаш бала болийна оьрсийн кхелаша


И аьлла хаам бина «Гринписан» адвокато Сучков Андрейс.

Цу организацин оьрсийн программийн директоро Блоков Ивана ша догйовха ву аьлла, кIира чекхдалале, «Арктик санрайз» хIурд-кеман экипажан массо а декъашхочунна мел оьшу документаш а, арахьарчарна – доза хадон визанаш а лург хиларх.

2013-чу шарахь Гезгмашин беттан 19-чу дийнахь оьрсийн дозанхоша 30 жигархо лаьцнера, Баренцев хIурда тIехь маьхкадаьтта даккха Газпромо хIоттийначу платформина тIехь уьш доьхьалонан акци дIаяхьа хьаьвсича.
Шина баттана уьш лаца сацам бинера кхело. Ткъа ГIуран беттан 18-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан конституцин 20 шо кхачарна лерина амнистица доьзна мукъабовлийтира.
XS
SM
MD
LG