ТIекхочийла долу линкаш

Кавказехь ластош бу нехан аьттонашна кхоьллинчу урхаллийн стоьлан дай


Гlалгlайчоь - гlалгlайн республикан lедалан хьукхмат, 02Гlа2012

Гlалгlайчоь - гlалгlайн республикан lедалан хьукхмат, 02Гlа2012

ГIалгIайчура социала зенах лардаран урхаллехь ницкъаллийн структураша талламаш болийна шинарин дийнахь дуьйна. И гIуллакх дина, цхьа миллиард сов Iедалан ахчанаш цигахь лачкъийна аьлла. ДIалаьцна нах а бу.

Шинарин дийнан делкъахена дуьйна дIахьош бу гIалгIайн махкарчу социала зенах лардаран урхаллехь и талламаш. Барам аьлча, ша Дагестанехь Хинжа-гIалана мэр Амиров СаьIид дIалацар санна бу. Оцу урхаллийн белхахойн цIахь а, балхахь а, машенаш чохь а, хьоьвсина а ца Iаш, церан уллерачу гергарчу нахехь а дIахьош бу изза болх.

Ша ерг толлуш ю, 38 меттиг. Дина долу зе ду боху, мел лаххара а, цхьа миллиард ши бIе миллион сом ахча.
Ницкъаллийн структурашкара болчу хаамашца, гучъяьлла 350 бозбуунчаллийн хан кхоьллина йолу фирманаш. Цаьргахула, Iедалан ахчанаш шай дола даьккхина боху, талламхоша.

Маршо радионо къастийна, талламхоша юьхьарлаьцнарг, оцу урхаллийн куьйгалхо Мархиев Мохьмад хилар. Ишшта талламаш дIабаьхна ГIалгIайн мехка прокуроран коьрта гIовсан Мерзоев Муслиман вешийн Аушев Хаважийн цIахь а. Иштта, МалгIбек гIаларчу коьрта дарбан хIусамехь, гучудаьлла, 400 сов цамгаран кехаташ. Церан бух тIехь лекъош хилла Iедалан ахчанаш боху талламхоша.

Талламаш дIабаьхьна оцу дарбан хIусаман коьрта лоьран гергарчеран кертахь а. Царах цхьаъ ву, ГIалгIайн махкарчу талламан комитетан лаккхарчу даржера белхахо. Иштта талламан белхаш хьакхделла, МалгIбек кIоштерачу кхелхочуьнна гергарчу нахах а. ДIалаьцна а ву иттех стаг.

ХIун бахьанашца хилла аьлла хета хьуна цу тайпа талламаш, аьлла Маршо радионо хаттар делира ГIалгIайчохь юккъараллийн белхаш дIахьочу Манкиев Бамтгирийга. Иза ша а ву цхьана хенахь, юьртбахаман министрийн даржехь лаьттина. Цо ишшта элира.

Манкиев Баматгири: «ХIинца и миллиардаш а, социала фондехь даллаш дерг а, лелош ду, хьалхарчу куьйгалхочуьнна парбанца. Тхан республикехь иштта ду. ТIаьхь-тIаьхьа дукхах ма дезий царна. Ткъа, кхеран иза дIадала таро ца хуьлу. Цул тIаьхь, Iедал чу а хоьхкуш хIума леладо. Юьртбахаман министр дIаваькхний? Иза дIахIотточу хенахь, къола де аьлла дIахоттина стаг вар. Шина шарахь цуьнга къола а дайтина иза дIаваьккхина».

Социала зенах лардаран урхаллан куьйгалхо Мархиев Мохьмад гIалгIайн Iедалехь волу дикка хан ю. Масех шо хьалха, муьлша бу ца хуучу зуламхоша цуьнан цIенна тIелатар а дина, герз тоьхна чов йинера. Москохахь операци а йина, ког дIабаьхкинера цуьнан. Мархиеван белхан а, цунна лела хааран говзаллан лаккхара мах хадабо Манкиев Бамтгирийс.

Манкиев Баматгири: «Мархиев Мохьмад ларлуш стаг ву оцу хIуманна тIехь. Пис а вац иза, амма, дIоггара къонах а вац. Ларлуш а ву. Низамаш дохора долуш стаг вац. ХIума дукха дезаш а, хIуманна чугIертар волуш стаг вац иза. Шега де аьлларг деш верг ву иза. Лакхах лаьттачо деш верг ву иза. Евкурован а, цуьнан вешан парбанций бен цигахь цхьа сом лачкъош дац шуна. Тхо долчохь даллаш дерг из ду».

Тахана, ГIалгIайн махкахь а, кхечу республикашкахь а долчу Iедалшна дукха дикка сигнал ю хуьлуш дерг аьлла хета, Манкиев Бамтгирийн.

Манкиев Баматгири
: «Жоп-м лура ду цара. Тахана а, цу Евкуровна тIеоьхуьйтуш нах бу. Молланаш а бохуьйту, кхиберш а оьхуьйту, цхьацца бехкенаш а кхийдош. Прокуратура болх беш яц, Iедалш а болх беш яц».

Хинжа–гIалара Амиров а, ГIебарта –Балкхархойн махкара куьйгалхо Каноков а, хIинца ГIалгIайн махкахь долийна долу литтарш а, уьш цхьаболчу эксперташ, дузу, кхана-лама регионехь бан мегачу хийцамашца. Башха кIорга ца теллича а, вага хIума доцуш цхьа а куьйгалхо воцийла-м массарна а хууш ду.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG