ТIекхочийла долу линкаш

Сихделлачу боларехь алсамдолуш ду Нохчийчохь маларш муьйлучийн а, наркотикашца шайн догIмашна зе дечерийн а терахь. Цхьана агIора, ша вуно токхе дахар дIахьуш долу меттигера Iедал ду, шен декхарш таIзар дарехь, дехкарш а, йогIучу а алсам ял дIаозорехь а бен ца гуш долу. Вукху агIора, чу са дан цхьа а агIо ца йисина – белхан меттигаш юхкуш ю, бизнес йолийча а зенехь вуьсу, Оьрсийчохь дIасавахар а маьрша дац, Европе ведча а, бухахь хьоьжуш цхьа а вац. Муьлххачу а диктатура лаьттачу меттехь санна, цхьа кIелхьарбовлийла лоьху наха. Царах цхьаъ ю, ма-дарра долу хьал дицдийр долу малар а, наркотикаш а.

Iедалдайша бинчу сацамца 2009-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь маьршша духкуьйтуш дац маларш. Официалан даре а деш, оццул хан ю кхузахь уьш къайлах-къулаххий, цхьана доза тоьхначу барамеххьий бен туьканашка кхочуш доцу. Стенна делахь а йохкархошна а, эцархошна а малар дохка-эца билгалдаккхинарг Iуьйранна ши сахьт бен дац.

Ма-дарра аьлча-м, жигархо-хьалханча муфтият а йолуш, корта бахо маларш кхузахь дихкина ду 2009–гIа шо тIекхача дикка хьалха дуьйна а. КIезиг масалш дац цуьнан белхоша, юххе баьхна низамхой а болуш,къаркъанаш а,чагIарш а лоьхуш, туьканашкахь, базаршкахь, цIийнах хьовсуш санна зераш дина.

Кху ГIуран беттан 18-чу дийнахь мехкан куьйгалхочо динчу дIахьедарца цунна хууш хиллачух тера дац малар дохкар, Iедалехь болчара цхьа билггал билламаш а хIиттийна, махкахь халонга даьккхина дуй. Цо дийцарехь, Нохчийчохь мел дийриг Оьрсийчоьнан низамца бIоста нислуш дац.Оьрсийчоьнан цхьа дакъа хиларе терра махкахь низамаш талха цадайтар, вуно чIогIа церан лерам байтар перза хIума ду куьйгаллина.

Цуьнца цхьаьна кIезиг масалш дац ДегIастанан, Хирийчуьра, ГIалгIайн а, Ставропол а мехкийн дозанашкахула чуйогIучу машенашна зераш а деш, полисхойн белхоша массо тайпа маларш дIадаьхна. ГIуллакх долуш а, доцуш а зераш дечаьрца бийца мотт а карош, гIопаст кIелхьахула духкуш ду тахана уьш нохчийн кIошташкахь. Цаьрца баллош тIом а болуш, барам а, чот а йоцуш, цхьа уьне лазар санна даьржина махкахь наркотикех пайдаэцар.

Уьш ца а лоьцуш де долий те аьлла, сецош бу наркотикаш чуйохьурш а,юхкуш-оьцуш берш а, цIерачу хьелашкахь, нуьйдарчий-таблеткийн кепехь уьш еш берш а. Махкахь уьш яржаран а, церан дукхаллин бараман а тоьшалла до хIора денна а бохург санна чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло Iорадохучу терахьаша а. Царех дезар дина лелачех кIезиг бац зударий. Соьлжа-гIалара наркоурхаллин белхо Висита ву дог-ойла шовкъе яккха наркоманаша лелочух дуьйцуш.

«..цара-м бIаьрга а туху.тайп-тайпана молханаш ду.Iедалан мах I20 сом бен бацара хIинца эзарне кхаччалц мах хьалабаьккхина.Уьш молий молий корта хьовзабо-кх.»

Маршо радио: - Дукха бу аьлла хетий хьуна кегийрхой царех пайдаоьцуш?

«ЧIогIа дукхая.шорта бу. ТIе мА хьажжа бирггал мА хуьлу .Сиха лелаш хуьлу.Чехка дуьйцуш хуьлу.Къамел сиха до. Цхьана –шина шарахь каде лела цул тIаьхьа цомгаш хуьлу. Цу молханийн барам лакхабоккхуш,лакхабоккхуш цара шаьш хIаллакбо,уггар хьалха доIах. Низамхошлахь а бу и тайпа наркоманаш дукха.»

Кху деношкахь Шелковск кIоштехь 30 ваьлла стаг-низамхо кхелхина изза наркотикаш бахьнехь. Дийцарехь чIогIа мелла а волуш цо наркотикан кортан дIонгIаз беш ши таблетка кхаьллина . Уьш хIун таблеткаш хила тарло бохучу хаттар а луш сан къамел нисделла ,цигга кIоштера шен цIе йоккхийла ца лиъначу лоьраца.

«Хун таблетка хилла хуур дац зераш ца дича. Мала а мела и дича хила тарло. Эцца кегийчара и талеткаш а, энергетически сокаш а муьйлуш белахь а уьш къона хиларна даге лало цкъачунна шена беш болу ницкъ.37-38 шо долчуьнан дагехь оццул гIора хир дац,оццул могаш могаш ца хила тарло, цундела царлахь баларш сих-сиха нисло.»

Маршо радио: -Инзаре даьржина ду боху таблеткашкахь и наркотикаш мийлар. Кхо эзар а ву бах махкахь..
«Дукха бу ,кхин а дукха хир бу.Цундела ду Iедало лелаш дерг. Цамогаш веънарг,жима а шеко ерг а зераш а деш ,наркоман ву-вац хьовсар тIедиллина тхуна а. Уьш гучу а бохуш нахала ца баьхча гIуллакх ца хуьлу.»

Маршо радио: Шаьш,шайн лаамехь тIебахка а богIий.мехкарий а хуьлу ма боху?

«Мехкарий а бу. Суна хууш кхуза а балийна. Хьо таллаволавелча ца хууш таблетка кхаьлланий,цхьамма чай я мут чу кхоьссина хиллерий бохуш хабарш хазадо.Цхьанне а лазарца йогIуш йоцу симптомаш а йолуш,хьо тIаьхьаваьлча дуьйцург цIена ца хуьлу. Цхьанне а лазарца догIуш а доцу хIумнаш хуьлу».

Соьца наркотикийн хьокъехь къамел диначар а ,данза болчара а – дуккха а наха чIагIдарехь, наркотикаш махкахь сел сиха а, шуьйра а яржаран бахьнех цхьаъ ду,маларш дохкарехь зил-дозанаш детташ, гал мел даьккхинарг цо даьккхича санна, муфтиятан белхой коьртехь а болуш, тIаьхьабевлла лелар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG