ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Римерчу Папас Франсиск Iиса Пайхамар винчу денна лерина кхайкхам бина, дуьненара тIемаш берзабе, аьлла


Римерчу Папас Франсиск Iиса Пайхамар винчу денна лерина дIахьедар деш кхайкхам бира, дуьнентIера мел болу тIемаш дIаберзон беза, цу юкъахь Къилба Суданераниг, Юккъерчу Африкераниг, Шемарниг, Нигерера а, Иракъера а тIемаш а, аьлла.

Иттаннаш эзарнаш нах гулбеллачу, Ватиканера Везачу Пётаран килсанан балконна тIера къамел деш Франсиска элира, тIеман девнашна юкъаоьзна бераш кIелхьардахар Далла тIедуьллу ша. Дуьненахь мел волчу, мухIажар ваьлла лелачу стеган дегайовхо кхочушхилар а, синтем а, гIо хилар а луур дара шен аьлла, тIетуьйхира Римерчу Папас.

ХIора а стаг хьажа веза машарбархо хила, аьлла билгалдаьккхипа понтифика. Машарца доьзначу хаттаро коьрта меттиг лецира, Риман-католикан килсан куьйгалхочуьн Франсискан Iиса-Пайхамар виначу денна леринчу дIахьедарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG