ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь динчу лелхийтаршкахь велла, мел лаххара а, 45 стаг


Иракъера Къайлахчу Сервисийн векалийн хьесапехь, кхаарин дийнахь Iиса-Пайхамар вина де даздеш хиллачу керста иракъхошна уллехь динчу эккхийтарехь велла, тIаьххьарчу хаамашца – 34 стаг.

БагIдадера Дуьра кIоштехь хиллачу эккхийтарехь чевнаш хилла кхин а 28 стагана. Цул а жимма хьалхуо бомба эккхийтинера, дукха хьолахь, керста нах бехачу кIоштан базарахь. Цигахь велла 11 стаг.

2003-чу шарахь Iамеркан Штаташ Иракъана чуяхчхьана дуьйна, керста нехан терахь гIаьххьачул лахделла Иракъехь. ТIом болабалале хьалха, гергарчу барамехь цигахь бехаш хилла миллион тIера миллион ах миллионна тIекхаччалц керста нах. Ткъа керла динчу хьесапца, уьш ах миллионал а кIезиг бу.
6,650 керста стаг вийна деккъа цхьана 2013-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG