ТIекхочийла долу линкаш

Коррупцица доьзна шайгара даржаш охьадехкина кхаа туркойн министро


Туркойчура меттигера хаамийн гIирсаша дийцарехь. Шайн даржаш дитина кхаарийн дийнахь Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллин куьйгалхочо Гюлер Муаммера а, экономикан министро Чаглаян Зафера а.

Шина а министран кIентий, кхаьънаш эцарца гIарадаьлла хиллачу гIуллакхана юкъаоьзна хилла. ГIуран беттан 17-чу дийнахь дуьйна полицино лецначарна юкъахь ву и шиъ. Иштта, цу декъехь лаьцнарчарех ву Iалам лардаран министран кIант а, «Халкбанкан» куьйгалхо а, Iедалца уьйраш йолу масех хьолада а.

Туркойн премьер-министрана Реджеп ЭрдохIанна хетарехь, полицино дIахьуш болу таллам, арахьара урхалла деш бу. Туркойчура хьал меттахдаккха Iалашо йолуш а лору цо иза.

Чаглаян Зафер а ву изза ойла йолуш. Цул сов, урхалла дечу Нийсонан а, кхиаран а партина дуьхьала а лору цо иза. Ша шен дарж Iад дитина, бакъдолчунна толам баккха аьтто бан а, шен белхан накъостий а, шен кIант а бехван гIертарна новкъарло ян, аьлла Чаглаяна.

Гюлера Муамера бахарехь, нах лецар дола ма деллинехь, дарж охьадилларца доьзна дехар динера цо. Амма куьг таIон тахана чуделлера.
XS
SM
MD
LG