ТIекхочийла долу линкаш

Iиса Пайхамар вина де даздеш бу европахой


Чехин республика - Прахlа гlалин коьртачу майданара базан дитт, 17Гlу2012

Чехин республика - Прахlа гlалин коьртачу майданара базан дитт, 17Гlу2012

Кху деношкахь Европера керистанаш Iийса пайхамар вина де даздеш бу. Кхаа денна дахлучу цу даздаршкахь дакъалоцу католикийн а, протестантийн а кериста динан гараш лелочара. Европехь бехачу вайнаха цу даздаршкахь дакъалоцуш дацахь а, амма йистаха ца буьссу уьш царна. Уггаре а хьалха, вайнехан бераш.

Керистанаш шайн уггаре а дезденош, - Iийса пайхамар вина ларалуш дерш, - даздеш бу.


ДуьнентIерачу 100 сов пачхьалкхашкахь даздеш ду кху деношкахь Iийса пайхамар вина де. Амма уггаре а шуьйра и де даздо Малхбузерачу Европехь.

Башха хьал хIутту цу муьрехь Европерачу гIаланашкахь. Урамаш тайп-тайпанчу беснашкарчу стогаршца а, гирляндашца а серладохий, къагийна хуьлу. Туьканийн витринаш, хьол со тоьлу бохуш санна, кечйо, Iийса пайхамар варца доьзначу дийцаршца йогIуш йолу сюжеташ а кхуллуш. Царна юккъехь уггаре а шуьйра яьржинарш хуьлу цхьанхьа БетлехIемехь долчуха а, божли чохь, аганахь Iуьллуш жима кIант а волуш, - иза хIинца дуьненчу ваьлла Iийса пайхамар волчуха, ткъа цунна тIехIоьттина лаьтташ цуьнан дай-наний а долуш, царна гуонахь цхьацца дийнаташ а долуш, долу сурт. Дечигах кхоьллина хуьлу и васташ дукхахьолехь.

Туьканашкахь сурсаташна а, тIе-кога юхучунна а мехаш охьадохий хуьлу, ка ма-доллу алсамох эцархой тIемарзабархьама, ткъа меттигерачу бахархойн кхерчашкахь чIурамаш дагадо. Адамаш шаьш а, цхьа цIеххьана догдикалле дирзича санна, самукъане а, комаьрша а хуьлу. Къаьстина юкъараллехь гIийлачарна а, къечу мехкашкахь, я тIемаш болчу меттигашкахь нахана гIодарна комаьрша бовлу европахой кху муьрехь, цхьацца дикдаран юкъараллашна сагIийна ахчанаш а луш.

Европехь бехачу вайнаха, кхеташ ма-хиллара, лерина дакъа ца лоцу цу даздаршкахь. Амма гуттар йистаха бисса церан, царна лиъча а, аьтто хир бацара. Кхин хIуммаъ ца хилча, меттигерачу ишколашка я берийн бошмашкахь бераш доьзалехь долчарех хьакхало цу даздарийн хьу. ХIунда аьлча, берашна ишколашкахь а, шайн дотагIийн а, нийсархойн а доьзалшкахь а го и де даздеш а, цу денна кечамаш беш а. Цул совнаха, оццу ишколашкахь а, берийн бошмашкахь а лерина даздарш дIахьо, бераша вовшашна совгIаташ а луш.


Берлинехь вехаш волчу исс шо долчу Мохьмадна и дерриш а башха мехала а ца хета. Цунна Iийса пайхамар вина де даздар тIекхачарх самукъадалар кхечуьнца доьзна ду – цу деношкахь ишколера бераш цIахоцуш хиларца.


Мохьмад: „Суна уггаре а хазхеташ дерг – шина кIирана ишколера цIахецар ду. ТIаккха со компьютерах ловзу, сайн йолчу кхечу хIумнех а ловзу“.

Венехь ехачу I2 шо долчу Аминина а дика девза Iийса пайхамар вина де даздарца йоьзна йолу дика а, вуон а агIонаш. Цуо дийцарехь, и де цуьнан доьзалехь даздеш дац, амма хIетте совгIаташ къхочу цунна хIора шарахь.


Маршо радио: Европехь кху деношкахь даздеш дерг хIун ду хаьий хьуна?

Амина: Хаьа дера. Керистачара Iийса пайхамар вина де даздеш ду-кх.

Маршо радио: Муха даздо цара иза?

Амина: Цара тайп-тайпана хIумнаш до. Базан дитташ а хIиттадо, мерза яахIумнаш а юу, церан гергарнах а схьабогIий, мерза яахIумнаш а кечйой, цхьаьний уьш юуш Iа, эшарш а лоькху моьтту суна.

Маршо радио: Нохчаша даздой и де?

Амина: ХIан-хIа, ца даздо. ХIунда аьлча, бусулбачара кхин чIогIа даздеш дац иза.

Маршо радио: Хьуна лой цхьаммо а совгIаташ?

Амина: ХIаъ. Цхьацца сай, сан ненан доттагIаша совгIаташ ло суна хIора шарахь. Масала, цхьа доттагI ю вайн Соня бохуш, цуо суна доккха гIутакх даийтинера, чохь дуккхаъ совгIаташ долуш. Мерза хIумнаш а, кино тIехь йолу диск а долуш. Важа доттагIчо,Беттина цIе а йолуш, суна стохка а, кху шарахь а киншкаш а, сан нанна шоколадаш а яийтинера. Вайн ишколехь а ло вовшашна совгIаташ.

Маршо радио: ХIун ло шуна ишколехь?

Амина: Иштта кхин дукха еза хIумнаш ца ло. Зудберашна пхьарсах йоьхкуш йолу браслеташ а, и санна йолу хIумнаш ло, ткъа кIенташна – шоколадаш.

Маршо радио: Ахьий, хьан цIерачарий даздой Iийса пайхамар вина де?

Амина: ХIан-хIа, ца даздо дера! Вай бусулба ма ду!


Аминина а хета ишколера цу деношкахь цIахоьцуш хилар хаза. Амма иштта Iийса пайхамар вина де даздарехь шена хIун ца тов а дика хаьа цунна.

Маршо радио: Iийса пайхамар вина де даздечу хенахь хьуна уггаре а хаза хIун хета?

Амина: Суний? Суна каникулаш хилар хаза хета. Iуьйранна хьалгIатта ца еза, ишколе яха ца деза. Амма иштта дуккхаъ хIумнаш новкъа а ду суна.

Маршо радио: Масала, хIун ду хьуна новкъадерг?

Амина: Арахь иштта дукха нах лелаш хилар, массо а туьканаш дукха хьалаюьзна хуьлу нахах, кхин а тIе а царна Iийса пайхамар вина де иштта цхьа доккха хIума хеташ... Доккха хIума ду иза да-м, сунаъ хета иза доккха, амма цунах иштта цхьа шоу еш хаза ца хета суна. Телевизионехь а кхин важадерг хIума ца хуьлу дуьйцуш... Массо а шарахь цхьаттера хIумнаш хилча кIорда до-кх. Массо кинош а цхьатерра хуьлу, арахь дIахIиттийна йолу базарш а хIора шарахь цхьатерра хуьлу. КIорда до-кх иштта дукха цхьатерра хилча цхьажимма хан ма-яьллехь...

Европехь бехачу вайнехан баккхийха болчеран чкъурах башха хьакха ца ло и даздарш. Дукхахчарна, Советан заманахь керла шо даздеш хилар тIамарах доьллачарна, кхета хала ду, Iийса пайхамар вина де даздар Европехь цу керлачу шарел дезох ларар. Ткъа иштта я керла шо а, я Iийса пайхамар вина де даздар а бусулба динца догIуш дац бохучу бахьанийца цу шинна дийнах шаьш а, шайн доьзалш а ларбеш берш а бу вайнахалахь дуккхаъ.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG