ТIекхочийла долу линкаш

ЖIаьла карийна. Адамаш каронза ду


Киеверчу цхьана стагана жlаьла карийна, оьрсийн президентанх Путинах чlогlа тера долу. "The Moscow Times" вебагIонна тlера даьккхина сурт, 19Гез2013

Киеверчу цхьана стагана жlаьла карийна, оьрсийн президентанх Путинах чlогlа тера долу. "The Moscow Times" вебагIонна тlера даьккхина сурт, 19Гез2013

Кадыров Рамзанан Тарзан олуш долу дайна жIала дукха сиха карийна. Иза луларчу махкахь гучдаьлла. Мехка куьйгалхочуьнна жIала лохуш шортта нах орцах боьвлера. Иза олийла дац, масла, байначу нехан хьокъехь. Дуьйцу Султанов Ахьмада.

Дайна масех де далле, карийна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнна Кадыров Рамзанан жан жIала. «Тарзан» иштта цIе ю цуьнан, гучдаьлла ГIалгIайн махкахь. Муьлхачу хьелашкахь иза дайна а, карийна а хууш дац. Амма, иза лохуш арабоьвла шортта нах хилла, низамхоq а тIаьхь. Дайна долу жIала, Хьалха-мартан тIе кхаьчна, цул тIаьхь, иза
ГIалгIайн махкарчу жIалийца хийцина хилла. Шен жIала дедда хиларх, лаьцна хаам Инстраграмм чохь а, меттигарчу телехьожийлехь а гIарfбаьккхинера Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Шен жIала цIа далийнарг, чIогIа ирсе стаг хира ву аьлла, ша там беш хIума лург хилар а хаийтинера цо. Гарехь, ГIалгIайчуьрчу жIала лелархочо ша а дIаделла хила там бу, иза хьенан ду хиъча.
Мел лехарх, кар ца беш, дуккха а нах бу, тахана Нохчийчохь. Цхьадолчу лараршца, Нохчийчохь шинна а тIамехь байначу нехан терахь 20 эзар ца кхоччуш хила мегаш ду.
Амма, таханлерачу дийнахь, кхоьллина а, болх беш а цхьанна а тайпа комиссии яц, церан ларш толлуш. Ткъа, уьш-м йолуш юьйла хууш ду. Царах дукхахберш байна, низамхоша дIалаьцначулла тIаьхь. Нохчийчуьра Iедалш, лехарш дан гIерташ дац аьлча нийса хира дац, амма, ша мел дерг дIагIурту, федерала Iедалшна иза лууш ца хиларх.

Цхьацца бахьанаш дуьйцуш, наггахь уьш а ца дуьйцуш, сецош ду и хIума. Масла, Нохчийчохь болчу бакъонашларъярхошна, йоьвзуш ю, шортта байина нах дIабоьхкина оьрнаш долу меттигаш. Иттанаш ю уьш махкахь. Амма, ахка а, цу чохь долчу декъешна талламаш бан а, сихлуш дац Iедалша.

Иштта, ца дуьйцучу бахьанашца, сацийна ду, махкахь, декъешна талламаш а беш, ДНК-лаборотори еллар. Цхьана юкъан, иза йоьллура ю аьлла дийца долийча, Европан Кхеташоно а дIахьедар динера, шаьш ахчанца-бохчанца иза йоьллуш гIо дийра ду аьлла.

ХIинца и гIуллакх, тесина лаьтташ ду, цхьаммо а айдеш а дац и хаттар. Цхьаболчу тергамхоша бахарехь, нах бар талла Iедалшна лууш ца хилар, тарлуш ду, Оьрсийчонан Iедалша, Нохчийчохь болх байта бахкийтинчу эскархоша а, кхечу низамхоша а и дина кIоршме зуламаш гIара дахийта ца лаарна.

Цунна тоьшалла ду, Будановна а, Ульманна а, тIехь халла бен ца йина кхел. ХIокху сахьта, оьрнаш чуьра и декъий схьа а догIуш, уьш таллар, Оьрсийочьнна цхьанна а кепара оьшуш хIума дац. Цундела, харц хира дац, Нохчийчохь, хийла дайначу адамийн, оцу Тарзан жIалийн долу ирс ца хилла аьлча.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG