ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайно а, Къилба Корейно а емалдина, Японин премьер ШолгIачу Дуьненан ТIамехь беллачерийн сий деш, Токиохь хIоттийначу хIолламна тIе хIоттар


Китайн а, Къилба Корейн а Iедалша емалдина, Японера премьер Синдзо Абэ ШолгIачу Дуьненан ТIамехь беллачерийн сий деш, Токиохь хIоттийначу хIолламна тIе хIотта вахар. И хIоллам, кхел йина хиллачу, тIеман зуламхошна а тIехь хIоттийна ю.
Китайн арахьарчу гIуллакхийн министраллин дIахьедарехь ма-аллара, оцу кепарчу визитан «политикан тIаьхьалонах дуьззина жоп дала деза» Японино. Иштта, Абэн сацамо Япони чIогIа кхерамечу новкъа юьгуш ю, аьлла ду цу дIахьедарехь.

Урхаллехь волчу Японин премьер 7 шарахь дуьххьара вахана Токерчу Ясукуни хIолламна тIехIотта. Японин лулахоша иза милитаристийн билгало лору.

Ша Абэс дIахьедар дина, Китайца а, Къилба Корейца а йолчу юкъаметтигийн хама бо ша. Ткъа Ясукунина тIевахар, тIаме болу хьажам гайтар дара шен, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG