ТIекхочийла долу линкаш

КъахIирехь эккхийтар дина автобусана чохь. 15 стаг велла


ЦIахь дина оьккху молха автобус чохь эккхийтар бахьана долуш, пхеа стагана чевнаш хилла Мисаран коьрта КъахIир-гIалахь. Меттигерчу хаамийн гIирсашна тIе а тевжаш, Associated Pressо дийцина, кхин цхьа оьккху молха а карийна гена доццуш. Амма иза кхерамаза даьккхина, аьлла.

Нил хица Iуьллучу Эль-Мансур гIалахь шинарин дийнахь полицин декъана уллехь хиллачу эккхийтарехь веллера 15 стаг. Цул тIаьхьа масех сахьт даьлча, Мисаран премье-министро «Бусулба-вежарий» болам бехке бира цунна. Цул сов, уьш терроран органзаци ю а элира.

Кхаарин дийнахь, тIеман ницкъаша гIортор ечу Мисаран ханна кхоьллинчу Iедалша «Бусулба-вежарий» терроран организаци дIакхайкхийна.
Мисарера хьал цIаьххьаша телхина, хIокху шеран Товбецан баттахь президент Мурси Мухьамед урхаллера вохийначул тIаьхьа.

Махкахь алсамдевлла лелхийтарш, тIелетарш а. Царах долу жоьпалла исламисташна тIедуьллу.
XS
SM
MD
LG