ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн говзанчаша Арафат Ясир полонех ца велла боху. Амма швейцархойн кхин ойла ю


Израил - Арафат Ясир велла 9 шо кхачар билгалдоккхуш, Йерусалемера Ширчу гIалин Димашкъин кевнна уллехь лаьтташ бу палестинахой, Лахьанан беттан 11, 2013

Израил - Арафат Ясир велла 9 шо кхачар билгалдоккхуш, Йерусалемера Ширчу гIалин Димашкъин кевнна уллехь лаьтташ бу палестинахой, Лахьанан беттан 11, 2013

Еарий дийнахь Оьрсийчуьрчу федералан медико-биологийн агенталлин векалша дIахедар динера, Палестинин куьйгалхо Арафат Ясир шен Iожаллех велла ву, аьлла. Амма Арафат валаран хьелаш толлуш хиллачу Швейцарерачу эксперташа харцдина и дIахьедар. Царна хетарехь, политикан бахьанаш ду оьрсаша иштта чIагIдарна тIехьа лаьтташ.

Швейцарерачу Iилманчаша емалдина Оьрсийчуьрчу аналисташа Арафат Ясир ша шех велла ву аьлла, дина хилла дIахьедар. Политикан бахьанашца дина лору цара иза.

„Оьрсийчуьрчу говзанчаша цхьа а тайпана балош бух а боцуш, цхьа а тоьшаллаш а доцуш, я Iилманера орамаш долу аргументаш яхкош а йоцуш, дина шайн Арафат кхалхарх долу дIахедар. Соьга хаьттича, иза деса, политикан бахьанашца дина долу дIахьедар ду“, - элира пIераскан дийнахь журналисташка Швейцарерачу Лозанна гIаларчу радиофизикан институтан куьйгалхочуо Бошу Франсуас.


Швейцари -- Лозаннера зорбан-конференцехь гайтира Арафата лелийна тIоьрмиг, Лахьанан беттан 7, 2013

Швейцари -- Лозаннера зорбан-конференцехь гайтира Арафата лелийна тIоьрмиг, Лахьанан беттан 7, 2013

Цуо и шен комментарий Оьрсийчуьрчу медико-биологийн агенталлин куьйгалхочуо Уйба Владимирс аьллачун лорах йина яра. Карладаккха догIу, цу стага еарий дийнахь кхин цкъа а тIечIагIдира, хьалхехьуо оьрсийн аналисташа аьлла хилларг: Арафат Ясирна радиацин дIовш даийна дацара, иза шен Iожаллех велла вара бохург.

Уйбас билгалдаьккхира, шайга Палестинерчу куьйгаллера кхаьчна цхьа а дехар дац, Арафат Ясирна докъана кхин цкъа а экспертиза яхьара, аьлла.

„Тхов довла ма девлла экспертиза йина. Массо а тхан сацамашца а, оха бохучуьнца а реза а хилла. Цул совнаха, швейцархоша а шаьш хьалхехь дина хилла долу дIахьедарш юхаэцна, ткъа иштта францхой а резахилла оха бинчу сацамашна“, - элира „Интерфакс“ агенталле лакхарчу даржерачу оьрсийн радиологин говзанчо. Харцлуьйцунна теш мер кIелахь караво олуш делахь а, амма Уйба Владимиран харцлер оцу сохьта гучудаьккхира Швейцарерчу Iилманчано.

Лозаннерчу радиофизикан институтан куьйгалхочуо Бошу Франсуас критике бира Оьрсийчуьра талламхой, цара Европерчу Iилманчаша Арафат Ясиран докъанна эксгумаци йинчул тIаьхьа дIаяхьина хиллачу экспертизин жамIаш зорбане а ца дохуш, къайладаьхьна, аьлла.

Карладаккха догIу иштта, даханчу шарахь девзаш долчу Катарерчу Al Jazeera телеканалан белхахоша дIадолийнера, Палестинин куьйгалхо хилла волу, Машаран Нобелан совгIатан лауреат Арафат Ясир, шеконечу а, тамашийначу а чехкачу лазарах цомгуш а хилла, кхелхина волу, валаран хьелаш таллар.

Журналисташа Арафатан доьзалера цуьнан долахь хилла йолу цхьацца хIумнаш (масала, иза, лазаро лаьцна, меттахь Iуьллучу хенахь а, лечу хенахь а цунна тIехь хилла духарш я цуо цергаш юьлуш лелош хилла гIирсаш) схьаийцира, уьш Швейцарерачу радиофизикан институте а, кхелан-медицийн Университете а хьажийра, таллийта.

Цуьнца цхьаьна Арафатан доьзалан дехарца Францерачу прокуратурано официала бехк-талламан гIуллакх схьадиллира, Арафатна дIовш даийна-м ца хилла – те бохург талла. Ткъа Ясирах йисина зуда Арафат Суха резахилира, цу хьашташна шен хIусамдена докъанна эксгумаци яйта.

Шайн рогIехь Францерачу кхелан-медицинан говзанчаша Швейцарерчуй, Оьрсийчуьрчуй эксперташка гIо дийхира, полоний-2I0 цIе йолчу радиожигарчу дIаьвшаца Арафат вийна-м вац-те бохург талла. Ткъа нагахь санна иза цу дIаьвшаца вийна хилар тIечIагIлахь, и полоний-2I0 муьлхачу пачхьалкхехь дина дара бохург талла а.

Ала догIу, и полоний-210 цIе йолу радиожигара элемент дуьненчохь шуьйра девзира, 2006-чу шарахь Лондонехь вехаш хилла вевзаш волу оьрсийн Iедалийн дуьхьалонча Литвиненко Александр оьрсийн къайлахчу сервисийн шина эпсаро цу дIаьвшан гIоьнца вийначул тIаьхьа. Цара Литвиненкос молчу чайна чу тессина хиллера полоний-210. ХIетахь дуьйна доллучу дуьненчохь а Кремло шена ца безаш болу нах новкъардIабахаран къиза символ санна тIеоьцуш ю иза.

Цундела хила а тарло оьрсийн говзанчаш, Арафат Ясир вер полоний-2I0 цIе йолчу дIаьвшанца цхьаьна хьехон долийча дуьйна схьа, и хIума хIуъа дина а, дацаре дан гIерташ хилар. Иштта баханчу гIадожаран баттахь оццу Уйба Владимира хаам баржийра, шаьшна, оьрсийн говзанчашна, ца карийна Арафатан дегIаца полонийн лараш, аьлла.

Цуо иштта элира, францхошна а уьш ца карийна аьлла. Бакъду, Францера говзанчаш цунна дуьхьал, - муьлхачу а бахьанашца делахь а, - хIуммаъ ца олуш, Iийнехь а, Швейцарерчара хIеттехь а дIакхайкхийра, Арафат полонийн гIоьнца вийна а ву, вен Iалашонца даийна цунна и дIаьвш ду ала йиш а ю, аьлла.

„Адаман дегIаца хила йиш йолчул 18-за сов дара Арафатан дегIаца полоний-2I0 дIовш. И бохург ду, 80-процентаца чIагIдан мегар ду, иза вен Iалашонца цунна иза даийна хилла аьлла“, - аьлла дара хIетахь швейцархоша даржийна хиллачу дIахьедарехь яздина.

ХIетте а юкъ-кара юкъаралле бовлу Оьрсийчура радиофизикан говзанчийн куьйгалхой, Арафат вийна вац, велла ву, ткъа полоний-2I0 цуьнан дегIаца ца хилла, олий. Къуьнан коьртахь куй богу боху кица дагадоуьйту цара и тайпа дIахьедарш сел лерина даро.

Кхин цхьаъ ду тамашийна. Кху доллучу дуьненчохь оьрсийн говзанчаша Арафат вийна ца хилар чIагIдар резахиларца къобалдеш тIеоьцуш цхьа пачхьалкхе ю – Израил. Нагахь санна Палестинин куьйгалхо вийна хилар официала тIечIагIдахь, уггаре а коьртачу декъехь цу зуламна бехке хиларна шеконе лоцун ерг а, цхьа хан-зама ягIахь, жоьпе озон ерг а ю иза.
XS
SM
MD
LG