ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера журналистана къиза еттарна шеко йолуш кхоалгIа стаг лаьцна Украинера полицино


Масех де хьалха Украинерчу журналистана, оппозицин жигархочунна а Чорновил Татьянина къиза еттарна шеко йолуш кхолагIа стаг а лаьцна Украинин полицино.
Украинин Iедалша иштта элира, уьш, цIераш ца бийцинчу парламентан кхаа депутате а хеттарш деш бу цу гIуллакхан декъехь, аьлла.

34 шо долу Чорновил машенахь йогIучу хенахь, дуьхьало а йина, сацийна хиллера. Цул тIаьхьа цунна къиза йиттинера, мара а кагбеш. Кхетам чуьра яьллачохь Iад йитина, дIабахана хиллера, тIелатар динарш. Карарчу хенахь Киевера дарбан-хIусамехь дарба леладойтуш ю Чорновил. Цул жимма хьалхуо цо артикл зорбане яьккхинера, Iедалерчу стоьлан дайн бахамех лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG