ТIекхочийла долу линкаш

«Iиса Пайхамаран нана, Путин лаллахь!», йиш лекхнарш тутмакхийн латкъамаш тидаме эца бохку


Оьрсийчоьнан Конституцин 20 шо кхачар билгалдоккхуш, цу пачхьалкхехь кхайкхийначу амнистица арахецначу Pussy Riot панк-тобан декъашхоша Толоконникова Надеждас а, Алехина Марияс а дIахьедар дина, шайн коьрта Iалашо «Бакъонан зона» олучу проектана тIехь болх бар ю, аьлла.

«Дождь» телевизионехь йистхуьлуш, Толоконниковас элира, тутмакхаш чохь латторан а, белхийн а хьелашца боьзна, ницкъ барна, кхерамаш тийсаран а хьокъехь бен латкъамаш толлуш гIо дийр ду шаьш.

Цу проектана оьшу ахча юкъараллера гулдийр ду, цхьанге а доьхур дац, элира царшимма. Шаьшшиъ кийча ю оппозицехь волчу Навальный Алексейца а, хьастагIа мукъавалийтинчу хьоладеца Ходорковский Михаилца а цхьаьнаболх бан. Толоконниковас бахарехь, Ходорковский оьрсийн президент ган лууш яра иза.

Оьрсийн президентах Путинах лаьцна хаьттича, цо кхоьллина йолу политикан система йохон лаара шайна, элира Толоконниковас. Зудаберашна хетарехь, шаьш мукъадахарца, Сочехь Iаьнан Олимпан ловзарш дуьйладалале, малхбузенна хьалха Оьрсийчоьнан васт тодан хьаьжна Кремл. Иза чекх яьлча, оьрсийн Iедалш шайна кхин а таIзарш дан гIертарг хиларх теша и шиъ.

2012-чу шеран Марсхьокху-баттахь Толоконникова Надеждина а, Алехина Марийна а, Самуцевич Екатеринина а шишша шераш хан кхайкхийра колонехь яккха, цара, Москохара Iиса пайхамаран килсанехь «Iиса Пайхамаран нана, Путин лаллахь!», йиш лакхарна.
XS
SM
MD
LG