ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чернокозово набахтехь хилла дар-дацар къайладахийта гIерта Iедалш


Новр-кIоштера Чернокозово набахти, чубоьхкинарш а, церан гергарнаш а къамелаш деш бу, 16Сти2007
Новр-кIоштера Чернокозово набахти, чубоьхкинарш а, церан гергарнаш а къамелаш деш бу, 16Сти2007

Кест-кеста хьал ир-кара хIуттуш ,къепе дацарш нислуш схьайогIучех цхьаъ ю Новр кIоштера "Чернокозово" набахти. Чохь бохкурш а, уьш ларбийраш а, нийсачу новкъа бохуш, кхетош-кхиориш а нохчий боллушехь, сих-сиха "нахала" йолу и маьрша йоцу хIусам, цхьацца девнаш дийларца.

Новр кIоштан Чернокозово набахтехь тутмакхаша резабацаран акци дIаяхьар цхьаболчара бакъдо, кхечара буххера дуьйна а хардо.

Цхьацца могIарера боцу хиламаш бахьнехь, кху тIаьхьарчу хенахь юкъараллехь кест-кеста коьртах а юьйлуш йийцаре еш ю Новр кIоштера «Чернокозово» олу набахте. Масаллина аьлчи, зераш дан баьхкинчу полисхоша кIоршаме шайн бакъонаш талхор бахьнехь, хIинцца гуьйранна, гIа дужучу беттан 23-чу дийнахь, цу набахтехь кхаа тутмакхо куьйгаш пхенаш хедийнера, шайгахь ялло гIело Iораяккхархьама. ХIетахь «Чернокозово» набахте а кхаьчча, цигара хьал-де девзинчу адамийн бакъонашларьечу «Мемориалан» центаран декъашхочо Бахаева Маликас хааме даккхарца, полицин белхоша кхо бутт хьалха ца богIу ницкъ беш хьийзийнарг итт тутмакх хилла. Мохь-цIогIа оьхуьйтуш, къаьсттина тIеIаткъам бина хиллера, бакъонашларьярхочо дийцарехь, вуьшта а заьIапхо волчу Джабраилов Хаважина.

Гурахь, лахьанан беттан юьххьехь Iорадаьлла хилла и зулам санна къизаллица дозаделла дацахь а тахана Новр кIоштера набахте юха а йийцаре еш ю сел эвхьаза тутмакхийн бакъонаш талхайо бохуш. Хаамийн гIирсаша, «Кавказан узел» газето масала, дIасадаржорца «Чернокозово» набахтехь тутмакхаш цхьана хIуманна реза а ца хилла, гIаттам бан гIоьртина. Лецначу нехан резадацарш дуьйладелла 25 –чу дийнахь, юххера гергарниш тIаьхьабаьхкича, садоIуш йолчу хIусамашкахь,къайлах суьрташ доху гIирс гучубаьлча.ОьгIазбаханчу тутмакхаша гоьнаш а ягийна боху. Герггарчу барамехь ишта дуьйцу цу хьокъехь хаамийн гIирсаша.

Тамаше хеталург ду «Нохчийчоьнан зударийн кхеташо» цIе йолчу боламна коьртехь йолчу Омарова Маликас аьлларг. «Тхо Новр гIаларчу набахтехь хила а хилла, хааме даьккхинарг бакъ а ца карийна. Цигахь мацалла а ца лаьцна цхьаммо а, я резабоцурш а ца хилла. Набахти чуяла магош йолу юург-мерг бахьнехь масех тутмакхо арз-леткъам бина,кхин хIумма а дац.» Ишта дIахьедар хааме даьккхина хIун-мила ду хьажа яханчу Омарова Маликас. Нийсо лаха яханчу цо дийцинарг харцдо цигахь болх беш волчу цхьана низамхочо. Цо чIагIдарца, шен рожехь и балхахь волчу буса хилла ду цигахь хилларг. Цхьана хIуманна резабоцчу тутмакхаша чуьра ара а яьккхина, шаьш реза цахилар нахала даккха гоьнаш а, тужурка а ягийна цIе а тесна, леррина кхайкхина схьавалийна набахтин хьаькамо цаьрца маслаIате къамелаш а дина. Къастам боллуш ала ша ца хIутту, амма билггал цхьа хIума хила-м хилла боху сан цIарца вуьйцийла доцчу цигахь болх беш волчу низамхочо.

«Со балхахь волчу буьйсанна хилла иза. Тутмакхаша гоь-хIума а, куртка а тIекIал а ехкина цIе тессера,цхьана хIуманна шаьш реза цахилар гIардаккха.ДIаяйа аьлчи а дIа а ца йойьуш масех стаг вара цIарна го бина лаьтташ. Кхайкхина набахтин хьаькам а валийра. Цо царна тIе а вахна дехха къамелаш дира. ТIаккха уьш дIасабевлира. ЦIе латор бахьана билггал ала-м хаац, амма дийцарехь лецначу нахана тIаьхьабаьхкинарш тIеэцарца а, цаьрца цхьаьна хан яккхарца а доьзна дара тешна акхолладелла цакхетарш.»

«Чернокозово» набахтехь цхьа резадацарш-м хилла бохуш къамел динчу низамхо-гIаролхочо дийцинарг бIоста дерзош,аьттехьа а ца дуьтуш къамел до, цу набахти чохь эпсаран даржехь болх бечу кхечу низамхочо. Мел бух болуш ду тутмакхашлахь резабацарш ду аьлла хаьттича, набахти кертахь цIе ягийна хилар цхьана агIор бакъ а деш цо элира.

«Тутмакхашлахь резабацарш хилла бохург аьттехьа а бакъ дац.Цигахь концертехь а хилла хIинцца схьавеъна-кх со. ГIалара филармонера артисташ а баьхкина концерт яра.»

Маршо радио: - Тужурка а, гоь а стенна ягийна набахтин кертахь, юкъарIойлина хьалха?

«Да и цхьа коьртаца дика воцчо цхьамма ягийнера иза-м.»

Маршо радио: -ХIумнаш яго цхьа маьIна хила ца деза?

«Ас хьоьга баха мА боху. Коьртана дика воцчо дина-кх передоз а хилла курчак ваьллачохь дина-кх. Наггахь нисло-кх и хIумнаш лелош а. Кхузахь кхин хIума-м дац вониг. Концерт а хIоттийна, керла шо даздеш мерза хIумнех йоьттина стоьлаш а яра хIиттийна.»

Маршо радио: - Хьо «Чернокозовохь» волу дукха хан ю. ХIара-и ду аьлла,юучунна, молчунна я кхечунна тутмакхаш реза ца хила бахьна муьлха ду аьлла хетта хьуна?

«Делан Къоръанора дац-кх . Дуй баа дуй кхузахь йолччул цIахь даа-мала долуш нисса ах бац-кх уьш.тIаккха стенна дуьйцу. ХIора дийнахь жижиг дууш мила ву алал?»

Схьагучу суьртехь Новр кIоштан набахтехь бакълена а хьаькамашна а, тутмакхашна а юкъахь цхьа хIума-цакхетар нисделла бохург бух болуш ду. «Суна ган а гуш йоккха цIе ягийра тутмакхаша кертахь. Уьш цунна го а бина, бехха лаьтти...

Схьагучу суьртехь Новр кIоштан набахтехь бакълена а хьаькамашна а, тутмакхашна а юкъахь цхьа хIума-цакхетар нисделла бохург бух болуш ду. «Суна ган а гуш йоккха цIе ягийра тутмакхаша кертахь. Уьш цунна го а бина, бехха лаьттира. Цара кертахь болчу низамхоша дов дешшехь и дIа а ца яйира ша дIаяллалц. Цул тIаьхьа кхечира цига набахтин хьаькам. Цо цаьрга хIун аьлла а, церан хIун барт хилла а суна ца хаьа,бакъду и схьаваллалц набахтехь синтеме-м дацара». Ишта къамел дира цигахь хиллачух,тутмакхаш ларбеш, чардакх буьххьехь цу буса гIароллехь лаьттинчу кхечу низамхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG