ТIекхочийла долу линкаш

Ал Азхар университетах цIе тесна "Бусулба вежарий" болам террораца буозарна реза боцчара


Мисарера пачхьалкхан телевизионо бечу хаамца, дукха хан йоццуш цигарчу Iедалша терроран организаци кхайкхийначу «Бусулба вежарийн» боламан агIончаша цIе теснера, КъахIирера Аль Азхар университетан шина гIишлох. Цуьнца цхьаьна, университетан дозанехь тасадаларш хилла полицина а, студенташна а юкъахь.

Цхьацца болчу хаамашца, экзаменаш юкъахъяха Iалашонца, бизнесан факультетах цIе теснера. Цул сов, ягийнера, юрт-бахаман факултетан гIишло а. Полицно а, кхерамазаллин ницкъаша а бIаьргех хиш довлуьйту газ лелийна, доьхьалонан акце арабевлларш дIасалахка. 19 шо долу цхьа студент велла, герз а кхетта.

«Бусулба вежарий» болам терроран ларарна реза боцчара пIераскан дийнахь КъахIирехь динчу къепе дацарашкахь а велла виъ стаг.
XS
SM
MD
LG