ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лелхийтарш хьан дина ца хаьа, амма "бехке бу" ...кавказхой



30 сов стаг а вуьйш, Оьрсийчуьрчу Волгоград-гIалахь, тIаьхьий-хьалхий ши эккхийтар динчул тIаьхьа президента Путин Владимира омра дина Iедал пачхьалкхехь кхерамзалла чIагIъян декхаре деш. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедина, терго алсам йийр ю шен ницкъаша транспорт лелачу а, алссам нах гуллучу а меттигашкахь, аьлла.

Лаххара а 14 стаг а вуьйш, иттаннашна чевнаш йина оршотдийнахь Волгоградехь троллейбус эккхийтича. Ткъа цул хьалхарчу дийнахь аьчка некъан вокзалехь хиллачу эккхийтаро дIадаьхьна 17 стеган дахар. Зуламаш деш иккхинчу шина стеган цкъачунна йоху цIерш ю оьрсех.

Лелхийтарш шена тIе ца эцна цхьана а юкъаралло. Амма Оьрсийчоьнан Талламан комитето бехке хила тарлуш бу бохуш буьйцу Къилбаседа Кавказера бусулбанаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG