ТIекхочийла долу линкаш

Кога хахкалуш лазийна Шумахер



Альпан лаьмнашкахь гIохьокху салаз хохкуш коьртана чов хилла Формула-1 олучу машен хахкарх къовсалучу боламехь дуккхаза а дуьненан чемпион лаьттина Шумахер Михаэл тиларчу вало гIерта Францерчу Гренобль-гIалара лоьраш.

КIирандийнахь Меробль-курортехь, гIохьокху салаз хохкуш, некъах а тилла, чхарнах корта дIатоьхна машен чехка хахкарехь 91-за рекорд яьккхина волчу Шумахера. Коьртахь маьIа куй ца хиллехь, дийна а вуьсур вацара иза, хаам бо цуьнан анестизиолога Пайен Жан-Франсуас. Дарба деш этIийначул тIаьхьа а кхетам чу ваза вуьсуш ву Шумахер Михаэл.
XS
SM
MD
LG