ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чернокозовора гIаттам бижийна



Нохчийчуьрчу Чернокозово-набахтехь мацалла лаьцна хиллачу кхаа бIе тутмакхо сацийна шайн акци. И хаам бо церан гергарчара. Пхи де дара набахти чохь бохкучу нахана тIаьхьа церан зударий баьхкича, Чернокозовон хьаькамаша, шайна тIехь терго еш, хьешан чоьнаш чу видеокамераш хIиттийна аьлла тутмакхаш гIевттина.

Маситтаммо шайн куьйган пхенаш а диллира лаьтта харцо сацоре сатуьйсуш, дийцира журналисташка Нохчийчуьрчу юкъархойн тергамчас Бахаева Миланас. Цо дийцарехь, гIаттамхой тебеш царех иттанна гIело а йина набахтин дайша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG