ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венерчу нохчийн бераша а даздо Керла Шо


Австри - Нохчийн бераш ду Венехь Керла Шо даздеш, 30ГIу2013
Австри - Нохчийн бераш ду Венехь Керла Шо даздеш, 30ГIу2013

Дуьне ма-дду дIасабаьржинчу нохчашлахь лела шаьш шайца мацах цкъа дIабаьххьина кхетам, ламасташ. Бухахь кIезиг лелаш делахь а, даймахкахь доллу даздарш керлачу мехкашкахь а шайн берашна латтадо вайнаха. Масала, Керлачу Шеран база. Иза а хIоттийна, бераш гулдира нохчаша Австрин шахьарахь Венехь а.




Шозлаха шо ду Австрин коьртачу шахьарехь Венехь нохчийн берашна а, кегирхошна а лерина йолу цхьаьнакхетараллийн кхерч кхоьллина йолу. „Позитив“ цIе йолчу цу кхерчахь вайнехан берашна меттанаш а, нохчийн гIиллакх-Iадаташ а, луучарна - хелхарш а, мукъамаш а Iамабо.

Цу кхерчан тховкIелахь кхоьллина ю иштта 8 шарера I8 шаре кхаччалца долчу нохчийн берашна нохчийн а, оьрсийн а меттанаш Iамадо ишкол а. ТIедогIучу Керлачу шарца доьзна цу дешархошна а, церан дай-наношна а лерина даздарш дIадаьхьира кхерчан куьйгалхочуо Оздамирова Розас.

Розас ша иштта дуьйцу шаьш вовшахтоьхна хиллачу даздарийн Iалашонех лаьцна.

Оздамирова Роза: „Цу берийн дог-ойла жимма айъелла хилийта а, церан самукъадаккха а, уьш декъалдан а, церан уьйраш чIагIйан а Iалашонца вовшахтоьхна дара и хIума. Бераш вовшахкхетачохь хаза нохчийн маттахь байташ еша а, эшарш лакха а, кицанаш дийца а аьтто хуьлу. Шаьш кIеззиг доцийла цу берашна хаийта а лаьара суна. ЧIогIа самукъа а делира берийн а, церан дай-нанойн а.“

Цхьа шой, ах шой ду Венерчу шозлагIчу кIоштахь нохчийн цхьаьнакхетараллийн кхерч схьабиллина. Цигахь берашна мотт Iамийна ца Iа. Хийраллехь кхуьучу нохчийн кхиазхошна а, кегирхошна а шайн къоман Iадаташ диц ца далийтар а, уьш царна хер ца довлийтар а лору Розас шайн Iалашонех коьртаниг.

Оздамирова Роза: „И вайн бераш цхьанхьа паркашкахула дуьйладелла лелачул суна-м гIуолехь хета уьш цхьанхьа пайденна долчу хIуманна гуллуш хилар. Царна вовше ган а, вовшашка уьш дистхила а, ненан мотт царна шарбалийта а гIерта тхо. Цигахь цаьрга озха вовшашка немцойн ма бийца олу, нохчийнарг бен. ТIом а баьлла, мотт Iамо йиш йоцуш бисинарш а бу царна юккъехь, кегий болуш, кхуза схьабаьхкина, мотт дика ца хууш берш а бу. Кхузахь динчу берашна хIетаъ дика ца хаа ненан мотт“.


ХIора беттан тIаьхьарчу кIирандийнахь „Самукъане сахьт“ аьлла цIе а йолуш, лерина вайнехан кегирхошна, - мехкаршна а, кIенташна а, - лерина цхьаьнакхетар дIахьо Оздамирова Розас куьйгалла дечу нохчийн кхерчахь. Вовшашна кегийнарш бовзийта а, церан марзонаш а, гергарлонаш кхолладалийта а лууш, нохчийн ширачу Iадатийн кепехь уьш вовшашка бистхила аьтто царна хилийта а дIахьо ша а цхьаьнакхетарш бохуш дуьйцу Розас.

Австри - Нохчийн бераш ду "Керла Шо" йиш локхуш, Вена, 30ГIу2013
Австри - Нохчийн бераш ду "Керла Шо" йиш локхуш, Вена, 30ГIу2013
Оздамирова Роза: „Кхузарчу ишколашкахь мел дукха а цхьаъ-шиъ нохчийн бер бен ца нисло. ТIаккха церан аьттонаш ма ца хуьлу, вовший довза, вайн цIахь санна. Зудаберийн наноша и зудабераш дукхахьолахь цIахь - чохь кхиош, кхетош а хуьлу. Вайн Iедалехь кино вахча а нийса дац, я дискотека ваха магийна дац. Кхузахь ваха а, ван меттигаш кIеззиг бу, гергар нах а бац хьошалгIа эха. Цундела вайн кхиина догIуш долу бераш, хьенан мила ву я ю хьажа а, вовшашна уьш бовзийта а, гайта а дагахь, хIора баттахь цкъа цхьаьнакхетар дIахьо оха. Цига кегий нах богIу, иштта мехкарий а богIу, шай наношца цхьаьна. Хьалхара ах сахьт оха вайн нохчийн гIиллакх-Iадатех лаьцна дуьцуш доккху, тIехьийзар, захало дийцар, ирахIер, кIант йоIе вистахилар – и дерриге муха хилла, муха хила деза бохург а хьоьхуш цу кегирхошна“.

Оздамирова Розас, цуьнан накъосташа а араяьккхинарг дика Iалашо елахь а, массо а вац Венехь бехачу вайнахалахь цу хIуманна реза. Къаьстина динца доьзначу бахьанашца и тайпа кхерчаш оьшуш бац аьлла а, я маггане а магийна бац аьлла а хеташ берш нисло дуккхаъ меттигерачу вайнахалахь.

Оздамирова Роза: „Вайна ма-хаара, кхузахь вай хазнеха санна декъаделла ма дуй. Цхьаболчара бусулба динехь пондар лакхар а, хелхарш а, эшарш а магийна дац, олу. Вай даккхийдерш-м ваьшна гушдерг гина а девллера. Амма суна цу тIекхуьучарех къахета.

Кху Европехь ду аьлла цIе хилар бен, кхин царна гуш хIуммаъ дац. Къаьстина цу вайн зудаберашна. Царна и цхьа интернет -м го, я компьютер а ноутбук вай оьцун дела. Иза ду-кх церан дуьне. Кхин гуш царна хIуммаъ дац. Делахь, вай тIемаш лайна а хилча, дIасадаьржина а хилча, и вайн къоман гIиллакхаш дIадовлийтийла ма дац, аьлла, долийна дара оха и хIума.

Цигахь цхьа эхь долу хIумаъ ца леладо, массо а хIума вайн Iадаташца догIуш ма-хиллара хуьлу. Хаза гIиллакхца хуьлу массо а хIума а. ТIаккха, ма дика ду аш хIара меттиг йина, Дела реза хуьйла шуна аьлла тхайга хийла наха аьлча, чIогIа там хуьлу тхуна а“.

Кегирхой а, бераш а гулделла ца Iа Венерчу нохчийн кхерчахь. ЦIера шайн доьзалшца схьа а баьхкина, чу-ара бовла кхин башха аьттонаш я меттигаш а боцуш, сагатлуш Iаш дуккхаъ баккхий нах бу Австрехь. Царна, цу нохчийн баккхийчу нахана, гулбала а, луьйш-олуш вовшашца хан яккха а аьтто а бу цу хIусамехь – хIора оршотан суьйранна вовшахкхета уьш Оздамирова Розас куьйгалла дечу кхерчахь.
XS
SM
MD
LG