ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Телави мукъаяьлла Сталинан хIолламах



Ах шо хьалха Гуьржийчуьрчу Телави-гIалахь диктаторна Сталин Иосифна хIоттийна хилла хIоллам дIабаьккхина Iедало шинарий дийнахь. Барам ларбеш яра полици. ХIоллам официалехь елла бакъо а йоцуш хIоттийнера, чIагIдо мехкан куьйгалхоша. Иза схьабилличхьана маситтаза бохо а гIиртира бахархой.

«Сталинхо» цIе йолу Iедалх йоцу юкъаралла а, гуьржийн тIеман ветеранийн урхалла а яра гуьржийчун Сталинан (Джугашвилин) сий деш и хIоллам хIоттийнарг. ХIоллам бохорна протест кхайкхийна «Сталинхо» боламан лидера Лазариашвили Шотас. Сталин винчу Гори-гIалана 100 сов чIаккхарма юьстах лаьтта Телави.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG