ТIекхочийла долу линкаш

Янукович дика хила гIерта массарна а



Украинан президента Янукович Виктора йозуш йоцчу шайн пачхьалкхана уггаре доьхна шо дара дIадаханарг, ткъа тIедеъначу кху шарахь къам цхьаалле кхийда деза, элира ша Керлачу Шарца украинахой декъалбеш динчу къамелехь. Иза Европана шен мохк гергабуьгу барт язбан реза ца хилар бахьана долуш бутт сов хьалха гIаьттина, Киеван майданашка бевлира нах миллионашкахь. Цуьнан хьокъехь Януковича шен къамелехь бохура, Украина гергагIертар ю ЕвроБертана а, Оьрсийчоьнна а, Китайна а, шен Iедало зе дийр дац пачхьалкхана.
XS
SM
MD
LG