ТIекхочийла долу линкаш

Керла Шо даздеш ду дуьне



Дуьненан доккхачу декъо даздина Керла Шо. Шаро шо хуьйцучу минотехь даима а стигалара чубожош хуьлу Ангалин Горгалг тергалбан Нью-Йоркерчу Таймс-сквере гулбеллера бIеннаш эзарнаш Iамеркахой.

Атлантикан вукху берда йистехь, Лондонехь, яржийра Iаламат хаза фейерверкаш.

Амма 260 стагна чов йина оццу фейерверкаша Филлипинехь.

Дубай яра уггаре йоккха фейерверк хIотторца дуьненан рекорд яккха къовсалуш.

Шатайпа рекорд яккхина Украино а – Киеверчу Цадазаран Майданахь къоман гимн локхуш вара ах-миллион гергга вахархо.

Ватиканерчу Папас Фрэнсиса шен даIватехь дийхира адамашка ойла яр, «тоъал сайна а, уллерчу нахана а пайде хилирий-те со дахначу шарахь», аьлла.
XS
SM
MD
LG