ТIекхочийла долу линкаш

Кхеле вуьгуш вон хилла Мушаррафна



Пакистанехь президент лаьттина Мушарраф Первез, шен кхеле воьдучу юкъанна вон а хилла, дарбан цIийне кхачийна еарий дийнахь, хаам бина цигарчу полицино. Пачхьалкхана тешнабехк бар толлучу трибунале кхача везаш вара 70 шо кхаьчна Мушарраф.

Цунна бехкедо 2007-чу шарахь цо мехкан конституци юкъара а йоккхуш, леррина хьал кхайкхор. Бехк тIе ца оьцу къоман дола деш Iийначу къаночо - шена дуьхьал даьхнарш политикан бахьанаш ду боху цо. Иштта цунна бехкедо цо дина лору кхин зуламаш а.

Кхерамзалла Iалашъеш, бIаьннаш полисхой бара Исламабадехь еарий дийнахь Мушарраф вехачу цIентIера кхела тIекхаччалц дIахIиттийна.
XS
SM
MD
LG