ТIекхочийла долу линкаш

Харц орца даккхинарг лаьцна Волгоград-махкахь



Волгоградна гена йоцчу Елан-къоштахь меттигера вахархо лаьцна полицино, цо эккхийта кечъеш автобус ю аьлла хаам бар бехкедеш. «Красный» олучу кIотара нах дIасалелош йоьду автобус оьккхур йолуш ю аьлла зIе тоьхна цо Керлачу шеран Iуьйранна. Полицино бахарехь, дуккхаза а набахтехь хан текхна ву и хаам бина 24 шо долу вахархо. Цо бинчу хаамо гIаттийначу бIеннаша полисхоша теллина дIаса мел лела транспорт, къаьсттина автобусаш, уьш совцу меттигаш.
XS
SM
MD
LG