ТIекхочийла долу линкаш

Зуда а, майра а дийна ницкъахоша Хасу-Юьртахь



Чохь шеца зуда а , бер а хилар ца лоьруш, Хасу-Юьртахь, шаьш чохь тIемало ву аьлла, гоне лаьцначу цIенна тIе деза герзаш диттина Iедалан ницкъаша еарийдийнахь. Лерина операци дIаяьхьначу хьукмато чIагIарехь, шен доьзал гобинчу хIусамера арабалийта реза ца хилла тIемало. Ткъа тIаьхьо, цIенна тIе герзаш детта долийча арадаьккхина жима бер. Цкъачунна цIе йовзуьйтуш йоцчу гIаттамхочуьнца цхьана йийна цхьайолчу хьостанаша Идигова Iайша аьлла йовзуьйту зуда а.

Дагестанехь бIеннашкахь ду ишттачу хьелашкахь буодитина бераш.
XS
SM
MD
LG