ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла шо дазде! Хьан-хIа, ма дезде!


Нохчийчоь -- Керла Шо даздеш ю Соьлж-ГIала, 01Деч2014
Нохчийчоь -- Керла Шо даздеш ю Соьлж-ГIала, 01Деч2014

Нохчийчохь цхьа а школа ца йисина Керла ца даздеш, кIезиг бухабисина и ламаст къоман дацара аьлла, ца даздеш юьстах а. Амма...




Кху тIаьхьарчу хенахь, официалехь а доцуш ,кест-кеста хабарш хеза Керла шо тIеэцар хьокъехь дуьйцуш. Бусалбан наха лерам бан богIуш дац Iаьнан юккъехь цхьа шо дIа а даьлла керланиг тIедар. Иза мелхо а хьарам ду боху цхьаболчара. Жима а, воккха а массара а вовшашна совгIаташ деш, эсала, довха дешнаш ца кхоош, бакълена а самукъа а долуш, дош а хеташ Керла шо билгалдоккхуш хилча хIун ду цигахь нийса доцуш,нехан самукъа ма дала аьлла-м дац кхин. Ишта хьажам берш вуно дукха бу.

Керла шо даздар нажжаз дийраш мел жигара хьийзаш белахь а Нохчийчохь даарех, маларех йоьттина стоьлаш а юлий, марха достуш санна массо тайпа жижиган кхачанаш а кечбеш тIеоьцу Керла шо. И лераме хилам, шо шаре далар, билгалдаккха мел генара а некъ бадабой, марзо эца цхьаьнабеттало гергарниш а, беза-бевзарш а.

Вайнаха деза а хеташ, Керла шо тIеэцаран шатайпа гайтам бу, буьйса юккъе а яхна шо хийцалуш хIаваэ ирх мел детта герзаш, стиглахь эзарнаш седарчий летош кхуьссу шатлакхаш. Хан яьлла хан елахь а, къаьсттина шовкъе хьийзаш хуьлу хьалххехь дуьйна шайн «хIоъ-молха», «герз-лоьлхуьйтурш» дIа а ехкина, буьйсанна шийтта даллалц сатуьйсуш Iийна бераш-кхиазхой. ГIаланашкахь тергалделла «къаьхьде» доцуш ткъех минотехь лаьттира кхушара а ярташкахь, стигал малхайохуш, бес-бесара кхиссарш.

Муха тIеоьцу махкахь Керла шо? Юккъерчу барамехь мел харж йо могIарерчу бахархоша ширшо дIа а хьажош, юьхькIаме Керла шо тIеэца?. Цу а, кхечу хеттаршна жоьпаш луш сан къамел хилира дуккха а бахархошца. Царех цхьаъ ву Соьлжа-гIалара Iедалан машена тIехь болх беш волу Хизар а. Цхьана динца доза хьашто а йоцуш, шакъаьстина , жимачуьнан а, воккхачуьнан а цхьабосса самукъадоккхуш ,кхаъ –хазахетар деш хилам бу Керла шо тIедар аьлла долийра цо шен къамел.

Хизар: «Керла шо динца тида оьшуш а ма дац. Стенна туьдуш ду. Хьалха вайна дага а догIуш тхан ишколашкахь дукхах берш оьрсийн хьехархой бара. Нагахь хийцамаш бан лаахь дед мороз ГIурдада ву, Снегуроч -Лайн йоI. Сценареш нохчийн маттахь кечйичахьана кхин а самукъане хир ду-кх. Керла шо хIунт новкъа ду. Барт эгIо дIо экстремисташ лело хIумнаш ду-кх. Керла шо массанхьа а даздеш ду, цуо галдоккхуш хIума а дац.

Маршо Радио: Керла шо мел лераме ду хоуьйтуш гайтам бу-кх и тIеэцар, Ахь хIун дира масала?

Хизар: « Ас уьстагI а эцна сагIийна жижиг деIна-кх. ший дейиша йолчохь а хилла со. Берашна совгIаташ а дина ас,йиш-вешин бераш биста кхаччалц. Вониг дIакъахко аьлла, берашна лелхийта пикардаш олу «хIоъ-молха» а ийцира. Мел харж йина ала-м ца хаьа суна. 5-6 эзар хила там бу-кх. Мел динарг а берийн самукъаненна дина-кх».

Цхьаболчу динан дайша а, бусалба динехь чIагIделла ду шаьш бохуш лелачара а хIуъу дийцахь а, вайнахалахь вуно чIогIа лераме деза ларалуш ду Керла шо.
XS
SM
MD
LG