ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сингх Манмохан дарж дита воллу



ХIиндойн премьер-министра Сингх Манмохана пIераскандийнахь дIахьедина, кхушара махкахь харжамаш бирзича ша дуьтур ду шегара дарж, аьлла. Ша декъашхо волчу ХIиндойн Националистийн партина мухха а хетахь а, шегара меттиг ша дIалур бу керлачу премьере, элира 81 шо долчу цо.

Иштта цIе яьккхина цо шегарчу даржехь шена ган луучу кандидатан а – иза ву политикийн Неру-ХIанди доьзалх волу ХIанди Рахул. Махкахь 20 шо сов хьалха реформаш йолорца а, дахар дикачу хорша дерзорца а сийдо Сингхан хIиндойн доккхачу декъо. Амма тIаьххьарчу хенахь Iедална гонаха юьйлу коррупцица йоьзна скандалаш, лагIделлла экономикан болар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG