ТIекхочийла долу линкаш

Шина дийнахь тIематасадаларш лаьттира Иракъехь



Иракъан шина гIалахь тIематийсадаларш хилла бIеннашкахь мехкан кхерамзаллин а, Ал-Къайдин а ницкъаш дуьхь-дуьхьал а лаьтташ. «Исламан пачхьалкхан Иракъан а, Левантан а бIаьхой» олучу тIемалойн тобанех летта эскархой Эл-Фуджи а, Рамади а гIаланашкахь. Кхийссарш сецна еарий сарахь, хаам бо францойн «ЭйЭфПи» - агенталло.

Анбар-кIоштарчу Рамади-гIалахь оршотдийнахь протест кхайкхийначу нехан куп эскарша йохийча марсаделира суннаташний, шиIаташний юкъахь лаьтта дов. 19 стаг а вуьйш, машен эккхийтина еарий сарахь Анбар-кIоштарчу Балад Руз-гIалахь.
XS
SM
MD
LG