ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бале ваьлла "хьаша" дIахьажор а - бала


Нохчийчоь -- Шен цIе "Руфов Алексей" ю боху стаг, иза веъначу метте дIахьажор тIедоьжна устрадахошна, Устрада-ГIала, 03Деч2014
Нохчийчоь -- Шен цIе "Руфов Алексей" ю боху стаг, иза веъначу метте дIахьажор тIедоьжна устрадахошна, Устрада-ГIала, 03Деч2014

Цхьаьнхьа цхьа а бух-орам а боцуш, дахарх тилла, галдетташ беха оьрсий Кавказехь карийча, уьш кавказхойн леш бара, цара мехаза бацош, олий дерзадо оьрсийн прессано. И тайпа бахьана шайгара ца дилийта гIерта, масала, нохчий. Кху деношкахь и санначу оьрсийчуьнна тIенисбелла Устрада-ГIалин бахархой, шайна карийна некъах тилла стаг дIахьажо меттиг йоцуш бисина уьш.




Саратов-гIалара вахархо Руфов Алексей ву ша боху жима стаг Нохчийчу ши бутт хаьлха кхаьчна. Вокзалехь цхьа нохчий а бевзина, цаьрца веъна иза. Шина баттахь аьчка болх а бина, хIинций-хIинций шена ахча лур ду бохуш Iийра ша, амма хIинца кхетта, боху цо, шена иза хир доцийла.

Керлачу шеран даздарш дIадевлича тохавелла и 31 шо долу стаг цIаваха некъаш леха. Тахана, цуьнгахь я ахча а, я паспорт а дац. Цунна тIе а Iоттавелла, орцадаьккхинарг ву Устрада-ГIалин вахархо Хасимиков Сулбан. Цо Маршо Радиога дуьйцу шена оцу стагах хууш дерг.

Хасимиков: «Iуьйранна базара вахча, бевзачу таксисташа элира соьга цунах лаьцна. Шайна цунах къахета, хIун дича хIун хир дара теша, бохуш, цунна ахча вовшахтухуш бара уьш. Алексей ю кхуьнан цIе. Ша Саратовра ву, Руфов Алексей Сергеевич. Адрес а хууш ду кхуьнан. ГIишлошъярхо а, эчиглаторхо а ву ша боху кхо. Кхузахь цхьаццанхьа белхаш бина. ХIума а ца кхоайора шена, цIавоьдуш, мачаш а, кхийолу хIуманаш а оьцур ю аьлла хилла цуьнга».

Ша Руфов Алексейс башха кхетош а ца довзуьйту шен Нохчийчу кхачар. Цкъа хьошалгIа веана вара ша, юха, болх бан веана олу цо.

Руфов: «Кхо бутт хьалха сан ваша веллера. Со вокзалехь вара, сайн вешийна тIера тхайн Iедалехь сагIадаьккхина, мелла. Цигахь вевзинера суна нохчо. Иза шен дерриге а дахар набахтехь даьккхина вара. 18 шо даьлча дуьйна чохь ваьллина вара иза. Цигахь молуш а Iийна, доттагIалла тасаделира сан Асланца а, Асланбекца а. Дика накъостий карийнера суна цигахь. Иштта ду-кх и хьал.

Болх бан веънера со кхуза. Цхьажимма ахча сайга даккхалур ду аьлла. Цхьа а хIума ца яьккхина ас кхузахь. Сан меттана цхьаммо ахча ийдина. Ткъа со висина со волчохь. Муьлха а болх бора ас. Болх бина ваьлча, мачаш а, кхийолу хIума а оьцур ю аьллера соьга. Суна велар тIера дIадаьлла хIара гIуллакх. ГIаш вахана а, мухха а вахана а, дIагIур волуш вара со кхузара. Ишшта хьал ду».

Тахана, чуваха меттиг а боцуш, таксисташ дIахIуьттучу меттехь буьйсанаш йохуш ву Саратовра «хьаша». Паспорт цкъа дайна шен боху цо, юха иза кхузахь дисина олу.

Руфов: «Кхузахь накъосташа жимма ахча делира соьга, цхьажимма хIума а кхаьллина ас, чай мелла. Базарахь буьйса яьккхина. Тайп-тайпана меттигашкахь буьйсанаш а яьхна ас. Паспорт дац соьгахь. Саратовехь ду иза. Ханна регистраци ю сан Саратов-Соьлжа-гIала. Ткъа юхаваха соьгахь я паспорт, я кхин документ а, я ахча а дац. Со суо а тилкхаза ваьлла хIинца сайна хиллачух».

Харц новкъа иза ваьлча, берриг а бехк нохчашна тIетоттур болундела, сихонца цунна гIо дан хIоьттина Хасимиков Сулбан. ХIинца иза, полицино талла а теллина, Саратовра цо ша ву бохург цигара схьа даре дахь, цунна дIа шен цIа кхача кехат а делла, новкъа воккхур волуш ву иза.

Хасимиков: «Москох автобусца лелаш цхьа накъост ву сан. Цо ша Саратовехула лелаш вац боху. Шен кхечу накъосте элира цо, цигахула лелачуьнга. Цо а, кхуьнгахь паспорт ца хилахь, новкъахь охьавоккхур ву боху иза. Сан накъосто а кисана ахча а таIий цунна, къахета шена аьлла. Администрацехь болх бечу сайн гергарчу зудчуьнга аьлла, цо куьпан полисхочуьнга дIавелира. Цо дIавигира иза, сагатдан оьшуш дац, аьлла».

Ша цхьаъ вац боху Хасимиков Сулбана оцу оьрсийчуьнна цIа кхача гIо дийр долуш. Муьлхха а стаг ву иза шен цIийнах дIатоха накъосталла дийр долуш, элира цо.

Хасимиков: «Бакъдерг дийца деза, кхечанхьа иза лелаш велхьара, цуьнца бала хир болуш бацара цхьаьннан а. Нохчий дагна кIеда болундела, тIех ца валало цхьа а. Со а ца валавелира. Оцу кIентан цIахь да ву, нана яц. 7 шо кхаьчна кIант а ву шен боху цо. Воьлхуш а вац хIара. Амма, хIинц- хIинца галвала новкъавала гIерташ санна ву. Цуьнан бала кхаьчна лелаш дара тхо».

Хууш дац оцу Руфов Алексейх хIун хир дара, нагахь санна цунна шена цIа ваха лаам ца хиллехь. Малий-даий дийнахь хилчхьана тоам а болуш, хийла иштта нах баьхкина кху махка. ДIалаьхкича, дIа а ца боьлхуш, цхьана нохчийн доьзална тIе а тевжина, декъашхой санна лелла дукха бу.

ШолгIа тIом болабеллачу хенахь федералан телехьажийлашкахь кест-кеста гойтура эскархоша иштта «мукъабаьхна» нах. Дукхахболучара шаьш шайн лаамца лелаш бу аьлча а, Iедалша нохчий бехкебора, уьш ницкъала латтийча санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG