ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бусулба Вежарий" бохош ю КъахIир



Мисаран Iедало бакъонера яьккхинчу «Бусулба Вежарий» партино хIоттийна гулам дIасалохкуш, пIераскандийнахь пачхьалкхан ницкъаша вийна лаххара а 17 стаг, хаам бо цигарчу могашаллин министралло. Баларш нисделла КъахIирехь, Александрияхь, Исмайлияхь, Фаюмехь, Миньяхь. Лазийна ахбIе сов стаг. Ткъа полицино бечу хаамца, лаьцна 122 стаг.

Мурси Мохьаммад яхначу аьхка президентан даржах вохийчхьана схьа хиллачу гуламашна тIелеташ Iедалан ницкъаша бIеннашкахь байина нах. Бахначу баттахь, низамера а йоккхуш, террорхойх ю аьлла кхайкхийна Мурси лидер лаьттина «Бусулба Вежарий» парти. ХIара бутт бовш керлачу конституцин буха тIехь харжамаш хир бу Мисарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG