ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамаш ца совцу Иракъехь



Иракъерчу Анбар-кIоштахь хиллачу къепедацаршна меттигера тIемалой бехке бо Вашингтоно. Рамади а, Эль-Фуджи а гIаланашкахь хиллачу тIематасадалашкахь Iедалан эскарша эшийна гIаттамхой, аьлла, пIераскандийнахь хаам баьржича дина Iамерко и дIахьедар.

Маршо Радион Рамадирчу корреспондента хаам бо, луларчу Фаллуджехь хIинца а Ал-Къаидан тIемалойн карахь бу БагIдаде боьду некъ а, гонахара каппаш а бохуш. Оршотдийнахь иккхина тIом Iедалан ницкъашний, суннаташний юкъахь, Рамадихь оцу тIаьххьарчийн протестан болам Iедало бохийча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG