ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керрис машаре ийзайо Израил а, Палестина а



Израилний, Палестинаний юкъа барт билла гIерта кху деношкахь Малхбале машаран визитца вахана волу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон. Девнехь йолу ши агIо тамаша бу кху муьрехь берте ялалахь, аьлла хета тергамчашна.

Палестинан президент Iаббас Махьмуд ца теша, дукха хан йоццуш шайн латтанаш тIехь рогIера гIишлош йогIа дагахь йолу Израил барт оьшуш ю бохучух. Ткъа Израилан премьер-министра Нетаньяху Беньямина харцво, шаьш дахначу шинарий дийнахь набахтешкара палестинахойн рогIера тоба мукъаяккхар гуш а воцу Iаббас Махьмуд.

Керри Джонна хетарехь, бехкаш бохуш хьийзаро машаре кхачор яц агIонаш, бехкашбахар а дитина, вовшашца гергарло лаха деза цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG