ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанехь Iожалхо хила дагахь хилла 8 шо долу йоI


ОвхIанистанехь Iожалхочуьнан доьхка дихкина йолу 8 шо долу йоI лаьцна полицин белхахоша. Цу мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векло Седиги Седиг хаам бина КIинандийнахь суьйранна Гильменд-провинцехь полицин декъан уллехь ша эккхийта дагахь хилла иза аьлла.

Амма иза дан цуьнан аьтто ца баьлла. Полицин белхахошна хетарехь, ша а леш эккхийтар де аьлла и йоI цига хьажийнарг ву цхьана тIемалойн тобан хьалханча волу цуьнан ваша. Карарчу хенахь и йоI дукха кхераелла йоьхна ю, хаттаршна жоьпаш дала.
XS
SM
MD
LG