ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стохка 120 сацам бина Страсбургерчу суьде Оьрсийчоьнан Iедалш емал деш


Оьрсийчоьнан Iедалша адамийн бакъонаш йохорах лаьцна 120 сацам бина Старсбургерчу суьдо 2013-чу шарахь. Оьрсийчоьнан юстицин министралло бинчу хаамца, ГIуран-беттан 20-гIа де тIекхаччалц лаьрча 120 сацам тIеэцна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхело, Оьрсийчоьнан Iедалша адамийн коьрта маьршонаш а, бакъонаш а ларъяран Конвенци йохийна хиларан тоьшаллаш далош. Министраллан векалша дийцарехь, и документаш а, эшам хиллачу нахана компенсацеш яларх лаьцна кехаташ а толлур ду цара 2014-чу шеран хьалхарчу кварталехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG