ТIекхочийла долу линкаш

Керла Iедалш экономика хIаллак ярна бехке дина Гуьржийчоьнан хиллачу премьеро


Гуьржийчоьнан премьер-министр хиллачу Мерабишвили Ванос бехке йина карарчу хенахь Iедалехь йолу «Гуьржийн сатийсам» цIе йолу коалици ша Iедале еанчул тIаьхьа мехкан экономика хIаллак ярна. Иштта, Мерабишвилис чIагIдарехь, Гуьржичоьнан дерриге а чоьхьарчу сурсатийн барам цIеххьана лахбелла, бюджетехь ахча ца тоар алсам даьлла, ткъа ял гулйеш йолу органаш гIорасиз хилла мехкан хазна юзарехь.

Карарчу хенахь масийтта бехк-такхам гIуллакх схьа а диллина кхеле озийна волчу Мерабишвилис бехке бина миллиардеран Иванишвили Бидзинин накъостий цара популистийн Iалашонашна миллиардаш долларш ахча дайарна, масала, газах а, элекросерлонах а мах охьабаккхархьамма.
XS
SM
MD
LG