ТIекхочийла долу линкаш

Олимпан ловзарийн исторехь дуьххьара Сочехь сел чIогIа кхерамазалла ларъян дагахь ю Москох


Британи -- Путинан батт йолу тайниг кечъйина, гейн бакъонаш ларъяран митингехь, Лондон, Марсхьокху-бутт, 10, 2013

Британи -- Путинан батт йолу тайниг кечъйина, гейн бакъонаш ларъяран митингехь, Лондон, Марсхьокху-бутт, 10, 2013

Цхьа бутт баьлча Оьрсийчохь дуьйлалуш долу Iаьнан Олимпан ловзаршна кхерамазалла кхочушъян, инзаре йоккха операци йолийна оьрсийн Iедалша, Iаьржачу хIордана уллехь Iуьллучу Сочи-гIалахь. Орцаллин министро Пучков Владимира дIахьедар дина, шинарин дийнахь дуьйна, Олимпан ловзаршкахь кхерамазалла латтор тIехь долу леррина дакъош, «тIеман хьелийн кепехь кийча хир долуш ду», аьлла.

Орцаллин министро Пучковс бахарехь, «хIора а Олимпан гIишло лерринчу космосера мониторинге эцна хир ю».

Чиллан беттан 7-чу дийнахь дуьйлалучу Олимпан ловзаршна лаьтта тIехь кхерамазалла латтош хир ву 30,000 полисхо а, гIагI-диллинчу машенашкахь болу эскархой а. Iаьржачу хIурда тIехь кхерамазалла ларъяр тIедиллина тIеман-хIурдан флотана.

Сочи-гIалахь хьесапе а эцна, дIаязъйина йоцу а, аккредитаци йоцу а машен гIалина чу йитар дихкина хир ду. Шаьш Олимпан ловзарш дIахьон долу гIишлош а хир ю кхин а леринчу тидамехь латтош. Царна чу хьовха, улле а гIертуьйтур вац билеташ, паспорташ хилчий бен.
Кхин тIе, Федералан Къайлахчу сервисаша ладугIуш хир ю телефонаш, доьшуш хир ду интернет-кехаташ-имейлаш.

ХьастагIа Волгоградехь 34 стаг вуьйш, лелхийтарш хиллачул тIаьхьа, ша вахан а вахана, Сочера Олимпан объекташка хьаьжна оьрсийн президент Путин Владимир. Официала хьесапехь, лелхийтаршна талламаш бечу бакъонийн органийн векалш яккхий шеконаш йолуш бу, Къилбаседа Кавказера тIемалоша диний те и тIелатарш, бохуш?

Дипломатинр агIора беш хиллачу тIеIаткъамна жоп луш, Сочи-гIалахь дуьхьалонан митингаш вовшахтоха дина хилла дехкарш малдина путина. Цо арахецначу омарца а догIуш, Сочи-гIалин Iедалша бакъо а елла, Олимпан ловзаршца йоьзна йоцу митингаш дIаяхьар къобалдича мегар ду, кхин маьIна долу митингаш, акцеш дIаяьхьа.

2013-чу шарахь «божарий вовшашка маре бахар а, оццу куьцара кхин йолу а юкъаметтигаш» ехкарца доьзна низам Оьрсийчохь тIеэцарна а дуьхьал, Олимпан ловзарш дIадахьарна бойкот яре дукха кхайкхамаш бинера дуьненан маьIIехь. Делахь а, Путина чIагIдарехь, Олимпан ловзаршка баьхкина гейш а, лесбиянкаш а паргIат Iан йиш йолуш хир бу Сочехь.
XS
SM
MD
LG