ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эккха ца лаьа итт шо долчу Спожмайна


ОвхIанистан - Гелменд-кIоштахь эккха кечъеш хилла вашас 10 шо долу Спожмай, 7Деч2014.
ОвхIанистан - Гелменд-кIоштахь эккха кечъеш хилла вашас 10 шо долу Спожмай, 7Деч2014.

ОвхIинистанехь 10 шо долу йоI лаьцна, иза Гелменд-кIоштахь полицин дакъа эккхийта кечлуш хилар а туьдуш. Бер тIеман гIуллакхашна юкъа муха озаделла дуьйцу ОфхIанистанерчу Маршо Радион корреспондента.




Полицин векал Сиддикъ Хьамидулла ву Гелмендана гергарчу Ханшин-блокпостехь лаьцначу йоIах хаам бийриг. Цо дийцарехь, йоIана - цуьнан цIе Спожмай ю - молханах тоьрмиг а кечбина, иза полицина герга а ялийна, эккхийта кечъеш хилла цуьнан вашас ЗахIира. Амма иза ведда, полисхошна шаьш хааделча, ткъа йоI караяхана.

ХIинца ОфхIанистанан Iедало лохуш ву ЗахIир. Иза, цо бахарехь, цхьана тIалибийн тобан баьчча ву.

Гилменд-кIоштан губернаторан пресс-секретара Зувак Омара иштта дийцира Маршо Радиога хиллачух лаьцна.

Зувак: «Таллам беш ду тхо. Хилларг хаархьама, оха тIедехна церан да-нана, кхайкхина уьш бевзарш. Вашас терроран тохар дан араяьккхина хилла иза».

Ша йоIа, Спожмайс, дийцарехь, вашас дикка хан хилла йоIана оьккху мохь кечбина. Амма шена хала дара эккха, дийцира цо журналисташка.

Спожмай: «Молханах юьйлина бедар соьга сан вашас ЗахIирс а, цуьнан доттагIчо Жабара а йохийтинера. Хил дехьа со яьлча, тIейоха Iаьржа коч а еллера соьга. Со цара буса хийистте ялийра, амма хи шийла дара, ас мохь эккхийтира, шийлачу хих со ер яц, аьлла. Тхан цIерачарна массарна а хаьара иза. Цара цкъа дIа а йигина, оьккху бедар дIа а яьккхинера суна тIера».

10 шо долчу Спожмайс дийцарехь, дас етта а йиттина, цIера араяьккхича, ша еъна иза дахначу кIирандийнахь полице. Цигахь цо латкъам а бина, шеца шен десте вон ю бохуш.

Гилмендерчу Лашкар ЛохIехь хадархойн хьаькам ву Седикъи Хьамидулла. Цо иштта дуьйцу.

Седикъи: «Спожмай цIе йолу йоI, оьккхучу духарх а къевлина, тIалибийн шина баьччано кечъеш хилла полицин куп эккхийта. Шиннах цхьаъ цуьнан ваша ву. Бер кечдеш хилла цуьнга ца догIург дайта. Цхьана а дино магош ма дац иза!».
ОвхIанистанехь 12 шеран тIом лаьтташ нисделла божабераш лелхаш, амма мехкарий тIама юкъаийзор наггахь бен ца нислора.

Тергамхошна хетарехь, алссам бераш ду тIалибаша гергаоьзна, лелха кечдеш – берашна атта хуьлу ха Iехо а, оьккху коьчал чекхъяккха а.

ОвхIанистанехь йоIах лаьцна дийца даьккхинчу юкъанна тIалибаша дIахьедина, шаьш шайна магош хIума дац махкарчу Iедалций, иза латточу Атлантикан аьлянсан ницкъашций бечу тIемашна юкъа бераш ийзор, данне а дац шайн Iадатехь, аьлла.
XS
SM
MD
LG