ТIекхочийла долу линкаш

Болх боцучу нехан терахь лакхара ду еврозонехь


Болх боцучу нехан терахь лакхара дуьсуш ду еврозонехь. Евростат олучу Европан Бертан статистикан агенталло дIахьедар дина Кхаарин дийнахь, евро лелочу 17 пачхьалкхехь болх боцучу нехан терахь цхьаьнаметтехь дуьсуш ду аьлла. Иза ду 12 1 иттолгIа процент.

Вуьшта аьлча, бан болх боцуш ву цу пачхьалкхашкахь 19 миллион 200 эзар стаг. Евробертана юкъахь йолу 28 пачхьалкх схьаэцча, болх боцучу нехан терахь ду 11 процент.
XS
SM
MD
LG