ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Фашизмана дуьхьал акци кечйеш ю Оьрсийчохь кху беттан 19-чу дийнахь


Кху беттан 19-чу дийнахь 5 шо хьалха дийна долу Маркелов Станислав а, Бабурова Анастасия а дагалоцуш Москох а, кхин йолчу а Оьрсийчура гIаланашкахь антифашистийн акци дIаяхьа дагахь бу юкъараллин жигархой. Цу хьокъехь оьшуш долу кехаташ Москох гIалин Iедалшка дIадала дагахь бу уьш Еарин дийнахь.

Москох йоцург фашизмана дуьхьал хьажийна йолу акциш хир ю Петарбухехь а, Лахарчу Новгородехь а, кхин йолчу гIаланашкахь а. Адамийн бакъонашларъярхоша дийцарехь, ксенофобин бух йолуш а, кхечу къаьмнашка цабезам хилар бахьана долуш а стохка 20 стаг вийна Оьрсийчохь.

Царах ах нах байина Москох а, Петарбухехь а. Еврокомиссино критика йина Оьрсийчоьнан Iедалшна ксенофобица оьшуш болу къийсам ца латторна. Адвокат Маркелов Станислав дакъалоцуш вара Нохчийчохь ницкъаллин структурийн белхахоша динчу зуламашца йоьзначу кхелашкахь. Эшам хиллачу нахана тIехIоьттина вара иза.

Маркелов а, «Новая газетан» корреспондент Бабурова Анастасия а дийра 2009-чу шарахь Дечкен-беттан 19-чу дийнахь. 2011-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь кхело хан а тоьхна велла дIаваллалц чувоьллира и зулам дина волу Тихонов Никита. Цуьнан зудчунна Хасис Евгенияна туьйхира 18 шо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG