ТIекхочийла долу линкаш

Британехь доьхна Iамеркин беркема


Британехь тIеман беркема дохар бахьана долуш велла Iамеркин 4 эскархо. Цуьнах лаьцна, Iамеркин тIеман буьйранчаллана тIе а тевжаш, хаам бина Associated Press-агенталло.

И бохам хилла Шинарин дийнахь Норфолк олучу меттехь. Iамеркин тIеман беркема хахка Iемаш болу пилоташ хилла цу тIехь. Беркема чударан бахьана толлуш ду.
XS
SM
MD
LG