ТIекхочийла долу линкаш

Набахташкара бусулба нахана тIехIоьттина ГIезалойчура комитет


Набахташкахь болу бусулба нах Iалашбаран комитет кхоьллина Оьрсийчохь Нижнекамскехь. Цу комитетан куьйгалхо ю Жукова Альмира. Цо дийцарехь, уьш дагахь бу набахташкахь бусулба нах хьийзор талла. Иштта, баханчу баттахь православин килсанашна цIераш тесна аьлла дIалаьцнера ши бусулба стаг.

Церан адвокаташа а, гергарчара а чIагIдарехь, и зулам шаьш дина аьлла цара тIелаьцна, шайна ницкъ бинчул тIаьхьа. ГIезалойчохь набахташкахь лаьттачу хьолана тIе тидам бахара 2012-чу шарахь Казанехь полисхоша къиза хьийзийна стаг вийначул тIаьхьа.

Баханчу баттахь Къизаллаш лелорна дуьхьал йолчу Европерчу комитетан куьйгалхочо Гусейнов Латифа хаам бира Маршо Радионе, шайн векалш набахташкара хьал талла ГIезалойчу хьажо дагахь ду шаьш аьлла.
XS
SM
MD
LG