ТIекхочийла долу линкаш

Зудчуьнца эвхьаза яьккхина видео бахьанехь шен дарж охьадилла дезна гIиргIизойн муфтин


ГIиргIизойчоь - ГIиргIизойчоьнан муфти хилла волу
Эгембердиев, 15ГIу2012

ГIиргIизойчоь - ГIиргIизойчоьнан муфти хилла волу Эгембердиев, 15ГIу2012

ГIиргIизойчоьнан муфтино Эгембердиев Рахматулла-хьаьжис шегара дарж охьадиллина, эвхьазалла лелош яьккхина видеона тIехула даьлла дов бахьанехь. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь, Динан кхеташонехь ша шен декхарш охьадехкина, элира Эгембердиевс.

Даханчу оршот дийнахь Бишкекехь гулам дIабаьхьнера, ГIиргIизойчоьнан муфтига Эгембердиев Рахматулла-хьаьже муфтин дарж дита бохуш, кхайкхамаш беш. Иза эвхьаза лелаш гучуваьлла, цундела и дарж цунна хьакъ дац, бохуш къамелаш дира цу гуламехь.

Эгембердиев жимчу зудчуьнца цхьаьний волуш яьккхина видео, дахана шо чекхдолучу дийнахь интернетехь ловза яьллера. Цунах лаьцна дуьйцуш, ша Эгембердиевс элира, видеона тIера зуда, шен къайлаха мах бина зуда ю. ГIиргIйчохь а, кхеченхьа а бусулба божарша лелош хIума ду, исламо могуьйту бохуш, массарна юй хууш йолчу зудчунна тIе кхин а къайлаха зуда а ялор.

Дуьхьалонан акцехь дакъа лаьцначу, Эгембердиевехьа болчара чIагIдора, муфтин бакъо ю бусулба динехь дола яьккхина кхин цхьа зуда хилийта, бохуш.

Шинарин дийнахь Маршо радиоца къамел хиллачу, шегара муфтин декхарш охьадехкинчу Эгембердиевс элира, и видео шена ца хууш, къайлаха яьккхина а ю, иза интернете яьхнарш, гIиргIизойн Iедалехь динан гIуллакхийн комиссин гIентдена Жумабаев Iабдулатифана уллера нах а бу.

Эгембердиев: «КIело а йина, леррина дина хIума ду иза. Сан дахарна юкъа а гIоьртина, сан сий дожинйа. Адамаллица цхьа хьаса баца цу хIуман. Хiуьттаренна дина хIума ду и. Сан мах бина зуда ю карарчу хенахь дарбан-цIийнара реанимацехь Iуьллуш. Со кхерон хьежар хIинца а дитина дац.»

Шен агIора, маршо радиоца къамел деш Жумабаевс дийцира, Эгембердиевс дуьйцург бух боцуш ду, бохуш.

Шен бакъонаш ларъяр доьхуш, гIиргIизойн президенте Атамбаев Алмазбеке кхайкхам бина муфтин даржера воьхначу Эгембердиевс.

Эгембердиев: «И гIуллакх, буьззинчу барамехь талла дезаш ду. Аса бакъонийн органашка латкъам бинера и гIуллакх талла, аьлла. Нагахь санна, хIокху пачхьалкхера бахархойн бакъонаш ларъеш елахь, нагахь санна вайн бакъонаш буьззинчу барамехь ларъеш елахь, сан бакъонаш а ларъян еза цара (Iедалша).»

Шинарин дийнахь гулъйина хиллачу ГIиргIизойчоьнан Динан Кхеташоно къобалдира Эгембердиев даржах валар. Цуьнан метта ханна муфтин декхарш кхочушдан дIахIоттийна Токтомушев Максат. ГIиргIизойчоьнан керла муфти карабогIучу Чиллан беттан 8-чу дийнахь хоржур ву.

ТIаьхьарчу деа шарахь, муфтиятана гонаха гуттар дуьйлуш девнаш а долуш, ялхолгIа хаьржина муфти вара Эгембердиев Рахматулла-хьаьжа.

Девнашна юкъаийзийначу наха дечу дIахьедаршка ладоьгIча кхоллалуш долу сурт муха ду аьлча, хьаьжа цIа эхарна тIехь шай-кай яккха лууш нах бу ГIиргIизойчохь. Iедалехь бу, кхечу урхаллашкахь а бу.

Эгембердиевс Маршо радиога динчу къамелехь билгалделира, гIиргIизойн Iедалехь динан гIуллакхийн комиссин гIантда Жумабаев Iабдулатиф а, цунна гонахара нах а боцурш, президентан администрацин куьйгалхочуьн когаметта Илмиянов Икрам а, хьаьж-цIа вахарна тIехь куьйгаш дохдан лууш хилар.

Шо хьалха тIе а кхайкхийна, «хьажа-цIа боьлху нах дIасалелон ша аьлла йолу кеманийн компани хоржур ю ахьа», элира шега Илмияновс. Амма цу компанино конкурсехь дакъа ца лаьцнера, цундела иза харжа йиш яцара шен, бохуш дийцира Эгембердиевс Маршо радиога.

Схьагарехь, шега аьлларг дан реза вара иза, декхарш тIедохкучара тIехулонаш мукъа а лелаяхьара.
XS
SM
MD
LG