ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

13 жима стаг вийна Иракъехь Iожалхочо


Арме вига тIекхайкхина волу 13 жима стаг вийна Иракъехь Еарин дийнахь, Iожалхочо эккхийтар а дина. Лаххара а 30 стаг лазийна ву. Иза хилла Мутханна олучу кеман портана уллехь йолчу кегийрахой эскаре буьгучу пунктана хьалха. France-press агенталло дийцарехь, Анбар-провинцехь Ал-Кхайдин тIемалошца къийсам дIабахьа накъосталла де аьлла, Iедало кхайкхам бар бахьана долуш арабевлла хилла и нах.

Цкъачунна цхьаммо а и тIелатар дар шена тIе ца лаьцна. Даханчу кIиранах тIемалоша дIалецира Анбар-провинцехь йолу Фаллуджа а, Рамади а олу ши гIала. ТIаьххьара болчу хаамашца, уьш цигара арабовлуш бу. Human Rights Watch (HRW) организацино емал дина цу провинцехь шина а агIоно адамийн бакъонаш йохор. Хаамин гIирсаш дийцарехь, Фаллуджехь а, Рамадихь а тIемаш доьлхуш вийна 250 сов стаг. 13 эзар доьзал цигара дIабахана тIеман хиламаш бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG