ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох Къуран дагор толлур ду лерринчу полицин тобано


Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Москох-гIалин урхаллан куьйгалхочо Якунин Анатолийс омра дина, интернетехь Къуран дагош яьккхина видио бахьана долуш таллам бан леррина тоба кхолла аьлла. Цу тобан белхахошна тIетиллина и акци дIаяьхьна нах схьакарор.

КIуран дагош видео гучуяьлла интернетехь кху беттан 5-чу дийнахь. Цу тIехь ЦСКА футболан клубан фанаташ ду шаьш бохучу наха КIуран а дагийна, метро чохь славянийн тайпанах воцу стаг хьийзина Аллахах ца теша аьлла мукъарло де бохуш. Хаамин гIирсаш дийцарехь, цу хьокъехь цкъачунна схьадиллина дац бехк-такхаман гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG