ТIекхочийла долу линкаш

Казахстанера диссидент Оьрсийчоьне, я Украине дIавала сацам бина Францерчу кхело


Францин кхело сацам бина Оьрсийчу, я Украине экстрадици ян Казахстанерчу БТА-банкан куьйгалхо хиллачу, диссидентана Аблязов Мухтарана. Цуьнан адвокаташ латкъам бан дагахь бу цу сацамна.

Аблязов дIавоьхуш ерг ю Казахстан. Казахстанан Iедалша бехке веш ву иза ахчанаш лечкъорна. Амма Казахстанна а, Францина а юкъахь барт бац экстрадици яр хьокъехь. Оьрсийчохь а, Украинехь а Аблязовна духьал схьадиллина бехк-такхаман гIуллакхаш ду, финансийн бозбунчаллаш лелийна аьлла.

50 шо долу Аблязов Мухтар дIалецира полицино Францин къилбехь стохка Товбеца-баттахь. Аблязовс чIагIдо ша кхеле оззо гIертар политикан бух болуш ду бохуш.
XS
SM
MD
LG